16+
ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

Объем: 40 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1иррохьмарниррохьийм


Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош кхобуш волучу, Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарин Мухьаммадан а, цуьнан ох1лана а, асхьабашна а, цара лелийнарг леладеш церан некъа т1ехь мел волучу бусулбачу стагна а.


Боккъалаъ, уггаре бакъ долу къамел Сийлахь-Везачу Аллах1ан жайна (къуръан) ду, уггаре дика нийсо Мухьаммадан нийсо ю, уггаре вуо белхаш динехь юкъ дехнарш ду, динехь юкъ мел деккхина х1ума бид1ат ду, т1къа массо бид1ат тиллам бу, т1къа массо тиллам жоьжахат чохь хира болуш бу.


Лараме бусулба йиша!

Х1ара жайна хьуна яздеш ду ас, Дала хьуна т1едиллина долу хижабах нийса кхетам хьуна бовзийтархьам. Тахана дуккху бусалба йижаршна хьижаб цхьан баланах тера хета, Дала цхьа хал дина т1едиллина х1ума санна. Цундела, бусулба зудчо иза ца леладарн бахьана ду, шена цунаха цхьа гатто хуьллу моттар, «ша цхьан халачу х1уманна къел тоьтту моттар, ша дуьненах къайла йоккху моттар, ша „мо́дах“ юкъах йоккха моттар, ша „къан беллачу зударех“ д1атарош ю моттар, ша шена атта долучу кепара лела ца юьту моттар», иштта кхидолучу а бахьанашна вайна хозийтучу т1е ца духу цо иза.


Тахан ламаз ца дечу зудчуьнга ламаз де аьлча, цхьана зудчуьн иза харца хетар дуй? Тахан марха ца кхобучу йо1е марха кхаба аьлча, иза цхьана йо1ан харц хетар дуй? Я кхидолу бусулба динехь дойзуш долу х1ума де аьлча, цхьана йо1ас бехк буьллура буй иза де бохучунна?

Цу хаттарийн жоп: Цунна цхьана а йо1ас бехк буьллура бац, я ламаз де аьлча а, я марх кхаб аьлча а, я кхидолу вайна дойзуш долу бусулба динера х1ума шега де аьлча а.

Х1унда ца буьллу цара цунна бехк? Дера ца буьллу цо де бохург бусулба динера х1ума долун дера, цо де бохург Дала бохург долун дера, цо де бохург Далла 1ибадат де бохург долун дера!!


Цундела, Дала т1едехкина кхи долу 1ибадаташ санна хьижаб а 1ибадат дуй вай йижаршна а, наношна а довзийтархьам яздо аса х1ара жайна.

Х1аъ, дера дуй хьижаб бусалба динехь зудчуьн доккха 1ибадат! Х1аъ, ю дер, Делан дуьхьа хижаб доьхнарг Далла 1ибадат деш, цо и хьижаб лела маьл до!!

Цундела, цхьа а тайпа гатто еш х1ума хьуна хьайна т1едиллина моттара хьуна ниц1къ бархьам, хало ярхьам, нийса дац хьан, х1ан-х1а, иштта дац иза, эзарза иштта дац иза!!

Дала хьижаб хьуна т1едиллина хьо Шена кхиъ ч1ог1а герга яийтархьам, хьоьга ялсман атта яккхийтархьам, хьо хьайн духарца Шена 1ибадат деш хилийтархьам, иштта кхиа дуккху пайданашна дуьненахь а, эхаратехь а хьуна хира болу Дала т1едиллина хьуна хьижаб леладар.


Цундела, фарз духар зударшна т1едиллина декхар хилар билгал а деш, хьижабан т1екхоьллина х1уманаш юх а тухуш, цунах нийсох дерг хьуна билгалла а деш, хьижаб доьхча хьуна хуьлу ял йовза а йовзуьйтуш, фарз духарца хьо д1акъовлаелча хьо дезчу 1ибадатехь хилар билгалла а деш, х1ара жайна яздо ас хьуна, х1ай сайн лараме бусалба йиша!


Дала бусалбачу наношна а, йижаршна а пайде дойла х1ара жайна, хьижаб дохаз йолучунна иза т1едохар кхунаха бахьан а дойла, хьижаб доьхначунна кхунаха кхаъ а бойла, иза леладарн т1ехь г1о а дойла, и массо х1ума кхочуш дан ниц1къ болуш вукх Сийлахь-Лекха Дела.

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн

7.10.2018 ш.

БУСУЛБА ДИНАС
ЗУДЧУн ДИНА 1УНАЛ

Хийлаза зударшка бусалба динехь царна т1ехь дерг хьахдича, цара олуш хезна суна «И дин тхуни бен доссина дац те»? Цунна бахьан цхьаъ ду, даиманна зударша дан дезарг дуьйцу божарша, церан декхарш дуьйцуцара, амма дино церан хьакъ даздеш хьахийнарг ца дуьйцу царна, я дуьйцу, делахьаъ, вукхуьнца дуьстийча, х1ордан чуьра т1адам барамехь санна хуьлу иза.


Цундела, зударшна х1ара дин дазделла, кху динан белхаш базбелла, «шеш бен Дала х1умма хьахьа цадина те цу къуръан чохь» — аларан т1е бахкина.

Делахь а, иза иштта дац, бусулба зударий Дала Шен динехь дукха ч1ог1а базбина, лерина бийцина бу. Зударшна, бусалба динехь шех лаьцна дерг довзахьара, ма боккха кхаъ хира бара царна цунах! Ма цец боьвра бара уьш! Ма ч1ог1а лаьрра шаьш Дала аьлла дага дохур дара царна! Иштта и хьижаб а леладарн дазалла царна хиъча, самукъа а долуш леладийра дара цара из.


Цундела, бусалба дин далле зудчуьнна хадош хилла маххи, бусалба дин деача, цо зудчуьн хадийн маххи хьахора бу ас, бусалбачу наношна а, йижаршна а Дала шайн мел лакхара мах хадина довзуьйтуш.

БУСУЛБА ДИН ДАЛЛЕ
ЗУДЧУН ХИЛЛА МАХ

Зуда даиманна г1ийлачу хьолехь латтош хилла цхьадолучу къаьмнаш. Дуккху къаьмнашна юккъахь зудчуьн лакхар мах хадош ца хилла. Иза цхьа́ а хьакъ доцуш, зуламан бухахь латтош хилла. Масала:

— Цхьадолучу къаьмнашна юккъахь зудчуьнна х1усам да велча, воккхох волучу к1ента бакъо хуьлуша хилла шен нана шена яла ян, кхечуьнга иза маре ца йохуьйтуш. Я ша яла ца яхь, кхечуьнга маре ца яхийта бакъо хилла цуьнан. Амма Дала хьарам дира иза дериге. Дала боху къуръан чохь:

<<(Дала) шуна хьарам бина шун наной (бала ба)>>»


— Гергара цхьаъ д1аваьлча, цо т1ехь битинчу бахамах зудчун а, беран а луш ца хилла. Иза а Дала хьарам дина д1адаьккхира. Дала билгал дира зудчун а, беран а дог1у ирсан дакъа, иза царна д1адалар т1еа диллира нахан. Дала боху къуръан чохь:

<<Дас нанас а, уллера гергарчара а т1ехьдитинчух ирс дог1у божаршна а, иштта зударшна а, т1ехьдитнарг къезиг далахь а, я дукх далахьа а, фарз хьакъ ду иза (х1оранне)>>»


— Бусулба дин далле стаго шен зуда шена маьл лаьа юьтуша а хилла, юх ялош а хилла. Цундела, зуда цу стагах маьрша яьлла д1аяха йиш йолуш ца хилла.

Амма бусалба дино зуда кхузза йита бен ца магийра. Кхузза йитинчул т1ехьа зуда стега долара йолуш хилар билгалла дира къуръан чохь. Иза зудчух къинхетам беш, цуьнан хьакъ лар дар дара.


Иштта Дала зудчуьн т1ера зулам д1аойбуш, зудчуьнца дина 1уналла ду х1ара Шен сийлахьчу шарий1атехь. Къемат де даллац хир долуш ду и 1уналла зударшна. Йоккха башхалла го вайна бусулба дино зудчун беш болучу лараманни, адамо юкъа дехначу низамаш зудчунна беш болучу лараманни юккъахь.


Цундела, зудчуьн ларам барх а, цуьнан 1унал дарх а ду Дала цунна т1е фарз дина хьижаб т1едиллар.

БУСАЛБА ДИНО ЗУДЧУЬН
ХАДИНА ЛАКХАРА МАХ

Дала Шен 1унал ца деш цхьа́ а х1ума дитина дац, къаьстана Дала 1унал диначарех бу зударий, церан лаккхара мах а хадош Шен шарий1атехь хьехийна Цо уьш.

Уьш Дала д1атесна битина бац Шен шарий1атехь, мелла а церан сий даздеш, церан ларам лакхабоккхуш, царех 1унал деш уьш дуккха хьеха бина Сийлахь-Везчу Дала а, Пайхамаро а (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна).


Цундела, Сийлахь-Везачу Дала зудчун хадина лакхара мах а, цуьнца хила деза 1уналла а билгалла дийра ду ас т1едог1учу дакъошкахь.

1-НЕНАН МУЬТ1АХЬ ХИЛАР

Хан заманца зудчун нана хилар яздина Дала, цундела, цуьнан 1унал деш, Делан пайхамаро (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, Аллах1ас хьарам дина шуна, наношна муьт1ахь ца хилар»


Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) шен къамелехь еккъа нана бен хьаха ца ярн бахьана, нана г1ийла хилар, доьзал цунна муьт1ара атта болуш хилар, иза цунаха оза балар къезиг хилар ду. Цунделла, цунаха алсам 1уналла деш, Дала Шен пайхамарига (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) къаьстина хьахяйтина нана.


Ненан муьт1ахь хиларха йоьзна Сийлахь-Везачу Дала ялсаман. Пайхамарс (Делера салават а, маршала а хуьлда цунна) аьлла:

«Ялсман нена когашкахь ю».


Ахь ойла яхь, х1ай сан бусалба йиша, нана, ма доккха х1ума ду из. Ялсаман хьан когашкахь яр. Кхи х1ун тоьшалла оьшу хьуна Дала хьо язъярн т1ехь?!

Кхи х1ун доккха дазалла хира ду хьуна, Дала Шен ялсаман хьан когашка йиллал?!

Цо гойту, Аллах1а маьл ч1ог1а 1уналла дина хьоьца.

2-НАНА ДЕЛЛАЪ КХУЗЗА
ЕЗА ХИЛАР

Нана делаъ кхузза язъйина Сийлахь-Везчу Дала, цунаха кхузза ч1ог1а 1уналла деш.

Цхьан дийнахь пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа стаг т1е веара, цо хаьттира пайхамарига:

— «Х1ай Аллах1ан элча, нахах со шена накъост хила уггаре ч1ог1а т1ехь хьакъ дерг мила ву?». Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) жоп делира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага шоллаг1а а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла ахуьлда цунна) элира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага кхоозлаг1а а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага диолаг1а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Хьан да ву»


Гой хьуна, х1ай лараме нана, х1ай лараме бусулба йиша, ма яз йинакх хьо Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна), дех диначуллаъ кхузза сов Дала 1уналла дина хьоьца!!


Цундела, ненан сий дукха ч1ог1а дан дезаш ду. Цуьнца ларам алсам хила безаш бу.

3-ЙО1аРИЙ БАЙА МЕГАШ
ЦА ХИЛАР

Хьалха 1аьрбойн 1адат хилла зудчо стагна йо1 йича, дена т1е эхь деъна лоруша хилла. Иза шена хиъча, да юхь т1ехь 1аржалой, г1айг1ане а вужий, нахан гучу вала эхь хеташ леч1къаш лелаш хилла.

Сийлахь-Везчу Дала боху къуръан чохь:

<<Царах цхьанна йо1 хилла аьлла цуьнга кхаъ баьккхича, юьхь 1аржало цуьнан, ч1ог1а оьг1аз вахна а волуш. Хьулбо цо нахах шега баьккхинчу кхаах хилла болу цатам. Ша сийсаз ваьлла а хеташ дийна юьтура ю цо иза, я лаьттах юллур ю те, ма вуо х1ума дукх цара деш дерг (и лаьттах йолларца)>>.


Иштта ирча кхаъ хеташ хилла цунна шнга баьккхинарг.

Царна йо1 иштта ч1ог1а ца езарн бахаьан хилла иза т1аман пайде ца хилар, мостаг1 юх тоха цуьнан ниц1къ ца хилар, божарий санна къа а хьоьгуш цо риц1къ доккхуш ца хилар, цунна даиман харж ян езаш хилар. Цундела, цунах зе хилар бен пайда бац аьлла, йо1а йийна д1аяккхалла бен мах хадош хилла цара цуьнан.


Цундела, и эхь шайна т1ера д1а даккхархьам, дас шен йо1 дуьненчу ма яьллехь, иза дийна йолушехь лаьттаха юллуша хила, я цуьнан ши-кхо шо кхьачча юьш хила.

Иза ч1ог1а ирча 1адат хилла церан, цхьанний кепара Сийлахь-везчу Дала дуьтура доцуш. Цундела, Сийлахь-Везчу Дала Ислам дин досса дола дича, Цо хьарам дира йо1арий бойар.

Сийлахь-Везчу Дала къуръан чохь аьлла, къемат дийнахь Ша цара йийначу йо1е хоттург хилар:

«Къемат де хоьттича дийна йолуш лаьттах йоьллинчу йо1е Дала хоттура ду, х1у къа бахьаан долуш йийра цара хьо?»


Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.