16+
ИЙМАНАН Г1АП

Объем: 202 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее


ДЕШХЬАЛХЕ

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм.

Хастам бу Аллах1ана 1а́ламаш кхиош-кхобуш волчу. Шен лайшна мел оьшург билгалдинчу.

Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан элчанна Мухьаммадна а, цуьнан ох1ланна а, асхьа́башна а, царна т1ехь мел ваьзначунна а.


Дала вайна билгалдинчу 1илманах вай массо хьолехь лело дезарг. Царех ду вай вешан массо хьелашкахь дан а, ала а дезаш дерг. Цундела Дала вайна билгалдина и дерриге.

Бусалбачу стага шен тайп-тайпанчу хьелашкахь ша дан деза до1анаш а, ала дезарг хууш хила веза. Уьш цуьнан дахарехь ца хилча ца довлу до1анаш ду. Царех боьзна бу цуьнан аьтто а, Дала иза вуочух ларвалар а.


Х1ара азкараш доьшуш хилча Далла герга воьду. Шен массо хьелашкахь Аллах1 хьехавечарах хуьлу иза. Ткъа иза уггаре йоккха ял хуьлу х1ума ма ду бусалба динехь. Цундела, х1ара азка́раш вайна ч1ог1а оьшуш ду вешан дахарехь. Х1орш цахааро, х1орш лелацадаро вайгара дукха г1алаташ дуьйлуьйту. Вайна дукха зенаш хуьлуьйту. Беркат д1адолу вайна дахарера. Жинаша хьийзадо. Буозбунчалла леладо вайна. Делаца йолу юкъаметтиг г1елло.


Цундела кечдина ас х1ара жайна. Нохчийн маттахь яздина, 1аьрбойн маттахь х1умма а доцуш. Х1ара иштта яздаран бахьана, нохчий кху азка́рех дико кхетийтархьама, шайн маттахь дешийтархьама, х1унда аьлча шен маттахь дерг атта дагахь лаьтта, лело атта хуьлу, Делаца долу ийман ч1аг1ло дера.


Х1орш вайна дукхе-дукха ч1ог1а оьшуш ду хьуна, х1ай бусалба ваша, йиша. Х1орш бахьана долуш, Аллах1а массо хьелашкахь ларвийр ву хьо. Х1орш вайх х1оранна хаа дезаш ду, т1аккха вешан х1ора хьолехь х1у до1а дан деза хуур ду вайна. Амма х1орш доьшуш вай ца хилча, шайт1анан а, жинийн а, вуочун а аьтто хуьлу шайна луъург дан. Амма х1орш доьшуш царех ларлуш верг, г1ап чохь санна хуьлу, х1унда аьлча иза Аллах1а ларво дера.


Х1ара азкараш вайн Делан Элчанан (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) суннатера ду. Цо лелийна, цо вайна хьехна ду х1орш. Ц1ена беркат ду Делан Элчанан (Делера салават а, маршала а хуьлда цунна) х1ара азка́раш.

Ткъа х1орш вайн кегийчарна хьеха а, 1амо а деза вай. Уьш ийманехь болуш, Делах къоргге тешаш болуш, вуочух ларлуш вайна кхуьийла лаахь.


Дала беркате бойла х1ара болх вайна массарна!


Х1АР АЗКА́РАШ МУХА ДЕША ДЕЗА?

Нохчийн маттахь деша мегаш дерш нохчийн маттахь яздина ас, иштта дешча кхачам болу дера. Амма цхьадерш 1аьрбойн маттахь ала дезаш хуьлу, 1аьрбойн маттахь аьлча бен нийса ца хуьлуш, уьш вайн элпашца 1аьрбойн маттахь яздина аса, уьш вайн элпашца 1аьрбойн маттахь доьшур ду. Лахахь церан маь1на яздина ас, айхьа доьшучух хьо кхетийтархьама..

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн

4 Март 2020 шо.

1-НАБАРХ САМАВАЬЛЧА ОЛУШ ДЕРШ

«Хастам бу АллахIана, сан дегIан могашалла суна юхаелла волчу, сан са а суна духаделла волчу, Ша хьахо суна пурба а делла волчу»

2-ДУХАР Т1ЕДУХУШ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Хастам бу-кх АллахIана, суна тIе хIара духар доьхна волчу, соьгара гIора а, ницкъ а боцуш суна хIара духар делла волчу».

3-КЕРЛА ДУХАР Я МАЧА, Я КХИЕРГ Т1ЕЮХУШДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Я АллахI! Хастам бу Хьуна, Ахь дуьйхина суна тIе хIара духар. Ас х1окхуьнан дика доьху Хьоьга, хIара духар дина долчу бахьанин дика а доьху Хьоьга. Со Хьоьца ларло хIокхуьнан вонах, хIара дина долчу бахьанин вонах а».

4-ШЕН ДУХАР ОХЬАДУЬЛЛУШ ОЛУШ ДЕРГ

«БисмиллáхI».


Маь1на: «АллахIан цIарца!».

5-БЕДАР А, МАЧА А Т1ЕЙОХАРАН А, Д1АЯККХАРАН А КЕП

Мелехь ду бедар а, мача а, хеча а иштта кхиерг а аьтто аг1о хьалха йоккхуш т1ейохар. Амма д1айоккхуша аьро аг1ор т1ера хьалха д1аяккхара мелехь ду.


Иштта б1аьргех х1ума хьокхуш, сивак хьокхуш (), м1араш хедош, мекх даццош, пхьаьрсан к1ело йошуш, корта бошуш, ламазехь салам луш, маьждиг чуволуш, нишкара араволуш, ламаз оьцуш, луьйчуш, х1ума юуш, молуш, куьйгаца салам луш, т1аваф деш 1аьржа т1улгах хьакхалуш, цхьаъ д1акховдош я схьаоьцуш, иштта кхарах тера сийлахь-лараме долу х1уманаш а — дерриге аьтту аг1ора дар мелехь ду, царна дуьхьал дерг аьрру аг1ора дийр ду.

6-КЕРЛА ДУХАР ДОЬХНАЧУННА ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Тишдаллалц леладойла ахь хIара духар, лекхачу Дала хIара тишделча кхиниг а лойла хьуна».

(Дала дукха вахавойла хьо бохург ду цуьнан маьIна).

7-НИШКА ВОЬДУШ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Бисмиллах1. Я АллахI! Со ларло Хьоьца массо вочу хIуманах а, боьршачу а, стечу а шайтIанех а».

8-НИШКАРА АРА ВАЬЛЧА ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Гечдехьа суна сан Дела».

9-НИШКАХЬ КЪАМЕЛ ДАР А, ДЕЛА ХЬАХАВАР А ДИКА ЦАХИЛАР

Арахь я чохь нишкахь волуш Дела хьахор а, къамел дар а дика дац. Амма цаваьлла х1ума делахь вистхила мегар ду.

10-НИШКАХЬ ВОЛЧУЬНГА САЛАМ ЦАДАЛАР

Нишкахь волчуьнга салам далар дика дац. Нишкахь волчуьнга салам делча, цо иза юхалур дац.

11-ЛАМАЗ ЭЦА А, ЛИЙЧА А ВОЛАВАЛАЛЕ, ТЕМА ДАЛАЛЕ ОЛУШ ДЕРГ

«БисмиллáхI».


Маь1на: «АллахIан цIарца!».

12-ЛАМАЗ ЭЦНА ВАЬЛЧА ДЕШ ДОЛУ ЗИКР

«АшхIаду ан ла́ ила́хIа иллалло́хIу вахьдахIу́ ла́ шарийка лахI, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу́ ва росу́лухI. Я АллахI! Тоба дечерах ве Ахь со, цIано йечарах а ве Ахь со.


Маь1на: «Ас тоьшалла до АллахI воцург кхин дела вац аьлла, накъост вац Цуьнан, Ша цхьаъ ву Иза, иштта ас тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла.

13-Х1УСАМЕРА АРАВОЛУШ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«БисмиллáхI, (АллахIан цIарца араволу со); сайн болх АллахIан кара дIабели ас; ницкъ а бац, гIора а дац АллахIера бен».


«Я АллахI! Со Хьоьца ларло тиларх, со кхечо тилорх а, галваларх, кхечо со галваккхарх а, айса цхьанна зулам дарх, сайна зулам хиларх а, сонта леларх я кхечара соьца сонталла лелорх а».

14-Х1УСАМ ЧУВОЛУШ ДЕШ ДОЛУ ЗИКР

«Я Аллах1! Аса Хьоьга доьху дика чувар а, дика вахар а. АллахIан цIарца чудовлу вай, АллахIан цIарца ара а довлу вай, болх вайн Делан АллахIан кара дIабелла вай».


Цул т1аьхьа чуьрачаьрга салам лур ду.

15-МАЬЖДИГЕ ВОЬДУШ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Я АллахI! Сан даг чохь нур де Ахь, сан маттаца нур де Ахь, сан хазарца нур де Ахь, сан бIаьрсица нур де Ахь, суна тIехула нур де Ахь, суна лахахула а нур де Ахь, сан аьтту агIора а нур де Ахь, сан аьрру агIора а нур де Ахь, суна хьалха а нур де Ахь, суна тIехьа а нур де Ахь, сан са чохь нур де Ахь, суна нур доккха де Ахь, суна нур кхин а совдаккха Ахь, суна сайна нур де Ахь, сох сайх а нур де Ахь. Я АллахI! Суна нур ло Ахь, сан пхенаш чохь нур де Ахь, сан дилхаца нур де Ахь, сан цIийца нур де Ахь, сан месашца нур де Ахь, сан дегIаца нур де Ахь. Я АллахI! Сан каш чохь нур де Ахь суна, сан даьIахкашца а нур де Ахь. Нур совдаккха Ахь суна, нур совдаккха Ахь суна, нур совдаккха Ахь суна. Нуьрана тIе кхин а нур луо Ахь суна».

16-МАЬЖДИГ ЧУВОЛУШ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Воккхачу АллахIаца ларло со, Цуьнан сийлахьчу Юьхьца а ларло со, Цуьнан даима долчу паччахьаллица а ларло со, къинхетамах генадаьккхина долчу шайтIанах. АллахIан цIарца (чуволу со), къинхетам а, маршо а хуьлда АллахIан Элчанна. Я АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаелла Ахь суна».

17-МАЬЖДИГ ЧОХЬ ДАН ДОГ1УШ ДЕРГ

Маьждиг чохь дуккха а Дела хьехавар, Субхьаналлах1, ла илах1а иллаЛЛох1, альхьамду лиллах1, Аллох1у Акбар, кхидерг бахар а мелехь ду.


Мелехь ду дукха Къуръан дешар а, шарий1ат 1илма 1амор а. Маьждиг чу воьдуш Делан дуьхьа Далла 1амал еш маьждиг чохь хан йоккхур ю аса аьлла нийат дагалацар мелехь ду, Далла 1амал еш маьждиг чохь 1арна мела хир бу.

18-МАЬЖДИГ ЧУРА АРАВОЛУШ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«БисмиллáхI, вассолáту вассалáму Iалá расýлиллáхI, АллахIан цIарца! Къинхетам а, маршо а хуьлда АллахIан Элчанна. Я АллахI! Хьан дика доьху ас Хьоьга. Я АллахI! Айхьа генадаьккхинчу шайтIанах ларве́ Ахь со».

19-АЗАН ДАР (МОЛЛА КХАЙКХАР)

Мол ишттачу кепара кхойкхуш ву:


— Алло́х1у акбар! Алло́х1у акбар

— Алло́х1у акбар! Алло́х1у акбар


— Ашх1аду алла́ ила́х1а иллалло́х1

— Ашх1аду алла́ ила́х1а иллалло́х1


— Ашх1аду анна Мухьаммадан росу́лулло́х1

— Ашх1аду анна Мухьаммадан росу́лулло́х1


— Хьайя 1ала-ссола́х1! Хьайя 1ала-ссола́х1

— Хьайя 1алал фала́хь! Хьайя 1алал фала́хь


— Алло́х1у акбар! Алло́х1у акбар


— Ла́ ила́х1а иллалло́х1


1уьйр-ламазна молла кхойкхуш, «Хьайя 1алал фала́хь! Хьайя 1алал фала́хь» аьллачул т1аьхьа «Ассола́ту хойру мина-ннавм» — эр ду шозза молла кхойкхучо.


Цуьнан маь1на: «Ламаз набарал дикох ду» бохург ду.

20-АЗАН ДЕШ (МОЛЛАЛ КХОЙКХУШ) ХЕЗЧА ДЕШ ДОЛУ ЗИКР

Молла кхойкхуш хезча, и кхойкхуш волчо ма-аллара цунна т1аьхьара алара мелехь ду.


Цо х1ораза: «Хьайя 1ала-ссола́х1! Хьайя 1ала-ссола́х1,

Хьайя 1алал фала́хь! Хьайя 1алал фала́хь» — мосаз олу, иза а ца олуш, — «Ла́ хьавла вала́ къуввата илла́ билла́х1и» — ала деза х1оразаъ.


Цуьнан маь1на: «Ницкъ а бац, г1ора а дац Аллах1ера бен».


Амма 1уьйр-ламазна молла кхойкхуш хезча, и кхойкхуш волчо: «Ассола́ту хойрум-мина-ннавм» — аьлча, цо ма-аллара, «Ассола́ту хойру мина-ннавм» ала деза.


Молла кхайкхинчул т1аьхьа Пайхамарна салават дуьллур ду х1ораммо а.

Цуьнан лаххара барам: «Аллох1умма солли 1ала Мухьаммад» — алар бу.

Амма цуьнан буьззина барам: «Аллох1умма солли 1ала́ Мухьаммад ва 1ала́ а́ли Мухьаммад, кама́ соллайта 1ала́ Ибро́х1ийма ва 1ала́ а́ли Ибро́х1ийма иннака Хьамийдун Мажийд.

Алло́х1умма ба́рик 1ала́ Мухьаммад ва 1ала́ а́ли Мухьаммад, кама́ ба́рокта 1ала́ Ибро́х1ийма ва 1ала́ а́ли Ибро́х1ийма иннака Хьами1дун Мажийд».


Цушиннах шена луъург ала йиш ю.


Цул т1аьхьа до1а дийр ду: «Алло́х1умма робба х1а́зих1и-дда1вати тта́ммах1, вассола́тил къо́имах1, а́ти Мухьаммадан васийлата вал фадыйлата, ваб-1асх1у макъо́ман махьму́дан аллези ва1адтах1у».


Цуьнан маь1на: «Я Аллах1! Кхачаме болчу х1окху кхайкхаман Дела, дечу ламазан Дела, Мухьаммадан ялсамани чуьра еза меттиг а, лаккхара дарж а луо Ахь, Айхьа цунна лур ю аьлла йолчу хастамечу меттехь г1аттаве Ахь иза».


— Азанна а, къаматна а юкъахь шена дезарг дехар дика ду, хIунда аьлча, цу хенахь дина доIа Дала духатухуш дац.

21-КЪАМАТ

— Алло́х1у акбар! Алло́х1у акбар


— Ашх1аду алла́ ила́х1а иллалло́х1


— Ашх1аду анна Мухьаммадан росу́лулло́х1


— Хьайя 1ала-ссола́х1


— Хьайя 1алал фала́хь


— Къод къо́матиссола́х1, къод къо́матиссола́х1


— Алло́х1у акбар! Алло́х1у акбар


— Ла́ ила́х1а иллалло́х1

22-ЛАМАЗ Д1АДИХКИЧА ОЛУШ ДЕРГ

«Субхьа́накалло́х1умма ва бихьамдик, ва таба́рокасмук, ва та1а́ла́ жаддук, ва ла́ ила́х1а г1ойрук».


Маь1ан: «ЦIена ву-кх Хьо я АллахI, хастам а бу Хьуна, сийлахь ю Хьан цIе, лекха ду Хьан вазалла, Хьо воцург кхин дела а вац».

23-БИСМАЛ ДЕШАЛЕ ОЛУШ ДЕРГ

А1у́зу билла́х1и мина-шшайт1о́ни-ррожийм

24-РУКУ1ЕХЬ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Субхьáна роббиял-Iазыйм» — кхузза эр ду.


Маь1на: «ЦIена ву сан воккха Дела»

25-РУКУ1ЕРА ХЬАЛАТАЬ1ЧА ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«СамиIаллóхIу лиман хьамидахI, роббанá ва лакалхьамд, хьамдан касийран, тIоййибан, мубáрокан фийхI».


Маь1на: «Шена хастам бийриг хезаш ву АллахI, тхан Дела, хастам бу Хьуна, шеца беркат долу, цIена, дукха хастам».

26-СУЖУДЕХЬ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Субхьáна роббиял-аIлá» — кхузза эр ду.


Маь1на: «ЦIена ву сан лекха Дела»

27-ШИН СУЖУД ЮККЪЕХЬ ОХЬАХИЪЧА ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«РоббигIфир ли, роббигIфир ли».


Маь1ана: «Сан Дела! Гечдехьа суна. Сан Дела! Гечдехьа суна».

28-ТАШАХХ1УД (ЭТХЬАГ, АТТАХЬИЙЯТ)

«Аттахьийятул-муба́рака́ту-ссолава́ту-тт1оййиба́ту лилла́х1и, ассала́му 1алайка айюх1ан-набийю ва рохьматулло́х1и ва барока́тух1у, ассала́му 1алайна ва 1ала́ 1иба́дилла́х1и-ссолихьийна.

Ашх1аду алла́ ила́х1а иллалло́х1 ва ашх1аду анна Мухьаммадан росу́лулло́х1».

«Алло́х1умма солли 1ала́ Мухьаммад, ва 1ала́ а́ли Мухьаммад


Х1ара лахара барам бу аттахьийятехь салават дилларан. Х1оккхул диллича тоьуш ду. Амма дуьззина салават диллар алсам мелехь ду. Дуьззина салават лахахь схьадог1уш ду.

29-ТАШАХХ1УДАЛ (аттахьиййат) Т1АЬХЬА ДОЬШУ САЛАВАТ

«АллóхIумма солли Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá соллайта Iалá ИбрóхIийма ва Iалá áли ИбрóхIийм, иннака хьамийдун мажийд. АллóхIумма бáрик Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, камá бáракта Iалá ИбрóхIийма ва Iалá áли ИбрóхIийм, иннака хьамийдун мажийд».


Маь1на: «Я АллахI! Мухьаммадах Хьайн къинхетам бе Ахь, хаза хасторца хьаставе Ахь иза, цуьнан охIланах а Хьайн къинхетам бе Ахь, Айхьа ИбрахIим хесторе терра, цунах а, цуьнан охIланах а Айхьа къинхетам баре терра, бакъдолуш, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, веза а ву-кх. Я АллахI! Мухьаммадна а, цуьнан охIланна а Хьайн беркат а, ниIмат а луо Ахь, Айхьа ИбрахIимна а, цуьнан охIланна а даларе терра, бакъдолуш, Хьо хастам бан хьакъ долуш а, веза а ву-кх».

30-ШОЛГ1А ТАШАХХ1УД (аттахьиййат) ДЕШНАЧУЛ Т1АЬХЬА, САЛАМ ДАЛАЛЕ ДЕШ ДОЛУ ДО1А

«Алло́х1умма инни́ а1у́зу бика мин 1аза́бил-къобр, ва мин 1аза́би жах1аннам, ва мин фитнатил-махья́ вал–мама́т, ва мин шарри фитнатил-масийхьи-даджа́л».


Маь1на: «Я АллахI! Со Хьоьца ларло кошан Iазапах, со Хьоьца ларло Даджалан питанах, со Хьоьца ларло вахаран а, валаран а питанах. Я АллахI! Хьоьца ларло со къа латорх а, декхарх а».

31-ЛАМАЗЕХЬ САЛАМ ДЕЛЛАЧУЛ Т1АЬХЬА ДЕШ ДОЛУ ЗИКР (ТАСБИХЬ)

1-«Астаг1фирулло́х1» -кхузза эр ду.


«Алло́х1умма анта-ссала́му вам минка-ссала́му таба́рокта я залжала́ли вал-икро́м».


«Ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у́ ла́ шарийка лах1у, лах1ул-мулку ва лах1ул-хьамду ва х1ува 1ала́ кулли шай-ин къодийр. Алло́х1умма ла́ ма́ни1а лима́ а1-т1ойта, ва ла́ му1-т1ия лима́ мана1та, ва ла́ янфа1у зал-жадди минкал-жадд».


«Ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у́ ла́ шарийка лах1у, лах1ул-мулку, ва лах1ул-хьамду, ва х1ува 1ала́ кулли шай-ин къодийр. Ла́ хьавла вала къуввата илла́ билла́х1, ла́ ила́х1а илла́лло́х1у ва ла́ на1буду илла́ ийя́х1. Лах1у-нни1мату, ва лах1ул-фадлу, ва лах1у-ссана́ул хьасан. Ла́ ила́х1а иллалло́х1у мухлисийна лах1уддийна ва лав карих1ал ка́фиру́н».


2-«Алло́х1у ла́ ила́х1а илла́ х1увал-хьайюл къойю́м, ла́ таъх1узух1у́ синатув-вала́ навм, лах1у́ ма́ фиссама́ва́ти ва ма фил-ард, ман заллези́ яшфа1у 1индах1у́ илла́ биизних1, я1ламу ма́ байна айдийх1им ва ма холфах1ум, ва ла́ юхьийт1у́на бишай-ин мин 1илмих1и илла́ бима́ ша́ а, васи1а курсийюх1у-ссама́ва́ти вал ард, ва ла́ яу́дух1у́ хьифзух1ума́, ва х1увал-1алийюл-1азыйм».


3-«Субхьа́налло́х1» -33 эра ду.


«Альхьамду лилла́х1» -33 эра ду.


«Алло́х1у Акбар» -33 эра ду.


Уьш 99 аьлча, б1е хьаладузуш хIара эр ду:


«Ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у ла́ шарийка лах1у, лах1ул мулку ва лах1ул хьамду ва х1ува 1ала кулли шай-ин къодийр».


4-«Бисмилла́х1ир-рохьма́ни-ррохьийм. Къул х1увалло́1у ахьад. Алло́х1у-ссомад. Лам ялид ва лам ю́лад. Ва лам якул-лах1у куфуван ахьад».


«Бисмилла́х1ир-рохьма́ни-рохьийм.

Къул а1у́зу бироббил фалакъ. Мин шарри ма холакъ. Ва мин шарри г1о́сикъин иза вакъоб. Ва мин шаррин-наффа́са́ти фил-1укъод. Ва мин шарри хьа́сидин иза хьасад».


«Бисмилла́х1ир-рохьама́нир-рохьийм.

Къул а1у́зу бироббинна́с. Маликинна́с. Ила́х1инна́с. Мин шаррил васва́сил хонна́с. Аллези ювасвису фи суду́ринна́с. Минал-жиннати ванна́с».


5-До1 дийр ду.


До1анехь муьлхха дика х1ума доьхур ду.

32-ДО1А ДАР

Муьлхха до1а деш хьалхара Далла хастам бина, цул т1аьхьа Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) салават а диллина доло деза.


Масала: Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, ва ссола́ту ва ссала́му 1ала́ росу́лилла́х1.

До1а дина ваьлча Далла хастам беш, Пайхамарна (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) салават а дуьллуш дерзор ду.


Масала: Вальхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн, ва ссола́ту ва ссала́му 1ала́ росу́лилла́х1.

33-ЛАМАЗЕХЬ ШАЙТ1АНО ДАГЧУ ОЙЛАНАШ ТИЙСИЧА
ДЕШ ДЕРГ

А1у́зубилла́х1и минаш-шайт1о́нир-рожийм — аьлла, аьрру аг1ора кхузза дайн туй тухур ду.

34-КЪУРЪАН ДОЬШУШ СУЖУД ДИЧА ДЕШ ДОЛУ ДО1А

Сажада важх1и́ лиллези холакъах1у ва шаккъа сам1ах1у ва басорах1у би хьивлих1и ва къудротих1и, таба́рокаллох1у ахьсанул хо́ликъийн.


Маь1на: «Сан юьхьо сужуд ди ша Кхоьллинчунна, шен хазар а, бIаьрса а Шен ницкъаца а, гIораца а кхоьллинчунна, беркате ву-кх АллахI, уггар хаза Кхоллархо».

35-КЪУРЪАН ЧЕКХДАЬККХИЧА ДЕШ ДЕРГ

Къуръан дешна чекхдаьккхича до1а дар мелехь ду. Шегара муьлхха х1ума доьхуш дан мегаш ду.

36-П1ЕРАСКАН БУСИЙ, ДИЙНАХХЬИЙ ДЕШ ДЕРГ

— Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) салаваташ дахкар.

— Къуръан т1ера сурат КАФ дешар.

— До1анаш дар.

— Рузбана д1авахале лийчар.

— Т1е хаза духар дохар.

— 1ат1ар хьакхар.

— Сивак хьакхар.

— Маьждиг генахь дацахь г1аш вахар.

— Маьждиге хьалхе д1авахар.

37—1ИЙД ДЕНОШКАХЬ ТАКБИР ДАР

Марха даьстинчу суьйранна дуьйна, вукху дийнахь 1уьйранна 1ийда-ламаз д1адехккалца такбир дар мелехь ду.

Амма г1урб 1ийдан такбир дара иза 1арафат дийнахь 1уьйр-ламаз дича д1адолало, чекхдолу 1арафат дей, цул т1аьхь долу кхозлаг1чу дийнахь малхбуз-ламаз дича. Деа дийнахь хуьлу иза. Т1аьххьарчу доьалг1ачу дийнахь малхбуз-ламаз дича т1аьххьара эр ду, цул т1аьхьа кхин эр дац.


Цу шина 1ийда-дийнахь такбир дийр ду массо хьолехь: Фарз а, суннат а ламаз т1ехь, цхьаммо а, шиммо а, дуккха а наха цхьаьна ала мегар ду, вог1уш а, хиина волуш а, вижина волуш а, некъахь а, маьждиг чохь а, шен метта ваьлча а, иштта кхечу хьелашкахь а.

38-ЗУЛЬ-ХЬИДЖА БЕТТАН ХЬАЛХАРЧУ ИТТ ДИЙНАХЬ ДИКА 1АМАЛ ЯР

Цу деношкахь дика 1амалш яр ч1ог1а деза ду, Далла уггаре дукха езаш йолу 1амал цу деношкахь йинарг ю, Дела хьехавар а, мелан марха кхабар а, иштта кхин 1амалш а. Къаьсттина 1арафат дийнахь йина 1амал гуттар еза ю. Цу дийнахь марха кхаьбча Дала шина шеран къиношна геч дийр ду аьлла, д1адаханчуй, т1едог1учуй шерашна.

39—1УЬЙРАННА А, СУЬЙРАННА А ДОЬШУШ ДОЛУ ЗИКР

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.