12+
Черси

Бесплатный фрагмент - Черси

Берашна а, баккхийчарна алерина пьесаш. Пьесы для взрослых и детей на чеченском языке

Объем: 248 бумажных стр.

Формат: epub, fb2, pdfRead, mobi

Подробнее

ЧЕРСИ. Пьеса.

3 декъахь, 18 суьртах лаьтташ драма.


1ашхой-Мартана к1оштан турпалхошна лерина!

Сайца ишколехь цхьана дешначу Гатаев Черсин сий деш!


Дакъалоцурш:


1- Мажа — Черсин нана.

2- Черси — полицин подполковник

3- Тумиша — Черсин х1усамнана (1 актриса — ши Тумиша)

4- Бесира — лулахо.

5- Г1айрбек — доттаг1

6- Адам — доттаг1

7- Байташ йоьшуш верг, Аз — декош верг. (сцени т1ехьара схьахезаш долу аз), блокпостера Салти.

8- Байташ йоьшуш йерг, Аз — декош йерг.


1 дакъа. 1 сурт.


Маржа йа1, х1ай дуьне! Кавказан лаьмнаш!

Шун кийрахь шаьш кхиъна и нохчийн к1ентий

Шайн мехкан сий лардеш б1ешершкахь лаьтти,

Турпала бос болу, и майра дегнаш!


Турпалхойн къелла вайн ца хилла цкъа а,

Ханпашас… мартанхойн 1алавдес Францехь

Лардина нохчийн сий, шек вац-кха цхьа а!

Болатан нохчийн к1ант — вустура ву хьаьнца!


(Экрана т1ехь цхьана сонехь хийцало календаран аг1онаш санна шерийн терахьаш!)

(1972 ШО. Черси 1аш волу керт. Черсин нана Мажа кевна уллохь лаьтташ йу, шен к1ант Черси ишколера ц1аваре хьоьжуш.)


Мажа. (Кет1ахь лаьтташ йу) (Ша шега) Тахана ма хьенвелла сан Черси. Оцу шен «путболах» ловзуш хир ву, ша и мох санна уьдуш, цхьанге а саца а ца луш! Маца воккха хир ву техьа сан Черси? Чуйахан йеза, кестта ц1авог1учуьра ваьлла и.

Бесира. (Гучуйолу. Шен лулахо а гой) Мажа, хьо и ков лардина маца йера йу техьа? (Йелакъежа) Йуха а хьайн Черсига хьоьжуш лаьтташ хир йу-кх хьо? Дера хьан к1ант, ша и мох санна сиха велахь а, дика к1ант ма ву!

Мажа. Деллахьа итт класс чекхйаьккхина волуш ву сан Черси. Дешна ваьлча аьрми г1ура ву, т1аккха милицин ишколе г1ура ву ша боху… Ненан шен к1анте хьежар деха ду-кх!

Бесира. Ненан к1анте хьежар, ша и дахар санна деха ма ду, ва Мажа! Ша и мох санна синмаршо а, парг1ато а йезаш ма ду к1ентан дахар. Х1ума а дац, кестта ишкола чекхйаьккхина, аьрме а вахана, ц1авеъча, хьайн Черсина зуда а йалийна, кертахь хьийзаш нускал а долуш, хьо йаха хиъчи, иштта хетар дац хьуна. (йелало)

Мажа. Д1айалахь, и ма генара туьйра ду, ахьа дуьйцург! Сан Черси х1инца а жима ма ву!

Бесира. Дагадог1ий хьуна: вайшиннан жималла, хаза б1аьсте! Э-э, вайшинна жималла а, сан доттаг1, мел сиха йедда-йедда къевла йели… Иштта дахар ду-кх х1ара. Д1аса хьаьжжа а йалале арахь 1972 (эзара исс б1е кхуззат1къай шийталг1а) шо ду. Вайн берийн дахар а д1аг1ура ду: вай къанлуш, уьш баккхийра хуьлуш!


(Генара схьахеза ишколера ц1адог1учу берийн зевне аьзнаш. Гучуволу Черси, цуьнан накъостий Адам, Г1айрбек. 1972 шарахь дешархоша лелийначух т1оьрмигаш ду буйнахь)


Г1айрбек. Черси, хьо футболах ловзуш ч1ог1а аьтто болуш ву. Хьох дика спортсмен хир вара, «Терек» команде д1авала везара хьо. Суна хезна, «Терек» команде буьрканах ловза пох1ма долу бераш д1аоьцу бохуш.

Адам. Вуьш долу ловзарш дита дезар ду, хьох футболист хилахь! (велало)

Черси. К1ентий, футболист хила т1аьхьа ду суна. 6—7 шо кхаьчна бераш бен д1а ца оьцу оцу берийн команде. Со жимма т1аьхьа висина моьтту суна.

Г1айрбек. Вайн кегийра нах ца боьлху-кх футболах ловза а, хоккейх ловза а. Ирча-м хира бацара нохчийн Пеле… Харламов!

Адам. Шуна хезний, вайн СССР команда Канадера хоккеисташца ловзура йу бохуш?

Черси. Канада дуьненан а лидер ма йу хоккейх ловзарца! Вайн командин дика тасайала йезар йу цигахь!

Адам. Тасабала х1унда безара бу уьш?

Черси. Дера и хьерабевла Канадера хоккеисташ шаберш а марош кегдиний, цергаш кегйиний ма бу. Уьш ловзачулла а дукха вовшаха лета!

Г1арбек. Вайнаш а бу летира болуш, цкъа белха буьйлабелча!

Черси. (Шега хьоьжуш нана а гой) Чу дог1ий шу?.. Маьрша г1ойла, доттаг1ий! Кхана гура ду вай!

Г1айрбек. Маьрша 1ойла! (Мажа йолчу аг1ора) Де дика хуьлда шун, Мажа, Бесира! Могушалла муха йу шун?

Адам. Мажа, Бесира, де дика хуьлда шун! Могуш 1аш дуй шу?

Мажа. Дукха даха шу а! Далла бу хастам! Схьачудуьйла! Деза хьеший дина лелора бу аса сайн к1ентан доттаг1ий!

Бесира. Далла дезийла! Дика 1аш ду. Чу дуьйла, чайна истака а мелла г1ура ду шу!

Г1айрбек. Дика мел дерш дог1ийла!

Адам. Дика мел дерш! Шун пурбанца д1адоьлху тхо!

Мажа. Г1о т1аккха, шу чу ца даг1ахь!

Черси. Бесира, де дика хуьлда хьан!

Бесира. Дукха ваха, Черси, хьо а!

Черси. Нана, де дика дойла хьан оцу Везчу Дала! Хьо соьга хьоьжуш йара! Къинт1ера йала суна! Оцу футболах ловзаро тидам д1абехьна, вицвеллера со, хьо соьга хьоьжуш хира йуй! (Мара эккха г1урту)

Мажа. Д1авала, Черси, нахана гича а эхь ма ду! Хьо-м воккха к1ант вуй! Некъа йуккъе а х1иттина вайшиъ маралелхаш латтар, хаза ма дац! (Шена хазахетар къевладаккха ницкъ ца кхочуш, йоьлу).

Черси. Х1унда ду эхь? К1антана шен нана дукхайезаш хилар, эхь х1унда ду! Гайта массарна а, суна сайн нана мел дукхайеза!

Бесира. Делахь, Мажа, мел дика к1ант ву хьан Черси! Дала дукха вахавойла хьан и!

Черси. Бесира, и Веза Дела реза хуьлда хьуна! Суна-м сайн нана санна хьо а дукхайеза! Со жима волуш дуьйна, нана санна дика хилла хьо соьца! Дагадог1ий хьуна, ахьа суна даима йовхачу сискалца луш хилла т1оберам… сийна хохаш! У-у! Мел мерза хуьлура уьш!

Бесира. Т1оберам а, сискал а дагайеъна моьтту суна к1антана! Ишколехь мацйеллачух тера ду, борз! Тахана хьан нанас кхочийтура вац хьо соьга! Кет1ахь хьо ларвеш и лаьтта дукха хан йу! Цо мерза йуург кечйина хира йу хьуна.

Мажа. Схьайола чу, цхьана 1ийра ду вай, Бесира!

Бесира. Дика мел дерш дог1ийла! Жимма уьйт1ахь куьйг тухуш йара со.

Мажа. (йелалуш) (к1ентана белшах куьйг тухуш) Вало, к1ант, чоьхьа вала. Эхь ца хета хьуна некъайуккъе а х1оьттина лулахошка «саг1адоьхуш» латта? Аса мел мерза йуъург кечйина хьайна хаъахьара, ведда чуг1ура вара хьо.

Черси. Ч1епалгаш!

Мажа. Х1аъ!

Черси. (цкъа нана марайолла т1е а водий, йуха чу воду) Нана! Хьо санна дика, хаза нана х1окху дуьненачохь йац-кх!

Лулахо Халид. (АЗ) Мажа, ва Мажа!

Мажа. (аз долчу аг1ора йолало) Х1ов-вай! Ваши, х1ун боху ахьа? Схьа, чу ца вог1у хьо? Х1ума а кхаьллина г1ура ву хьо!

Лулахо Халид. Мажа, дика мел дерш дог1ийла! Сиха дохку тхо… дог1а кхоссале бохуш, йалтана т1е х1ума кхосса г1ерташ. И шун к1ант чохь вуй?

Черси. (Халидан аз хезий соцу)

Мажа. Ву дера, Черси х1инцца чу кхочуш ву ишколера.

Лулахо Халид. (АЗ) Сиха схьаваийтахьа и… г1о оьшуш г1улкх ду кхузахь. Ваийта таро йуй и?

Мажа. Йу дера! Х1инца д1авог1у хьуна и!

Черси. (Шен карахь боллу ишколан т1оьрмиг, нене д1а а луш, д1ахьоду) Нана, вашина г1о ца дича йиш йац! Со х1инцца схьавог1у хьуна! (д1ахьоду).

Мажа. (сцени юккъехь латта йуьсу) Шена сел дукха дезаш долу, ч1епалгаш даъа а ца кхиъи хьо… сан к1ант. Х1умма а дац, лулахошна накъосталла дан деза цкъа хьалха… ч1епалгаш-м аса довха латтора дара сайн к1антана.


Жималла, жималла, х1ай къуона зама,

Мел хаза, мел оьзда йу нохчийн амал

Ша хин волу и к1анат жима волуш вевза,

Ша хин йолу и йо1 ма жималлехь йевза.


Де, буьйса ца лоруш, к1ант хуьлу кийча

Ша накъост ва хила, де эшча хийла!

Нохчийчохь, Мартанат1ехь, йахь йолу к1ентий,

Шу кхиъа сий долуш эзаршкахь хенахь!

2-г1а сурт.

1972 ШО (ЭКРАН Ишкола хьалхахь дешархочун т1оьрмиг карахь а болуш лаьтташ йу Тумиша, 7-г1а классера дешархо.)


Тумиша. Х1унда боху, к1ант шена везийла хаийта мегар дац йо1ана! Х1унда ца мега к1анте кехатан цуьрг йайзйан! Х1умма а дац, ма магийтахь! Со-м нохчийн г1иллакх дохора долуш йац. Суна-м оьшуш дац йа к1анте и везийла хаийта а, йа цуьнга кехаташ йаздан а. Суна цхьа жимма х1илла хилча тоьура ду, цхьа а кехат ца йаздича а, оцу к1ента корта хьовзабан. (ша-шена йелакъежа). Аса сайца цхьана парти т1ехь 1аш йолчу йо1е Маликига х1окху к1иранах х1ора дийнахь, цхьа башхалла доцуш санна къадийра: «И уьтталг1ачу классера Черси бохуш волчу к1анте ала дезаш цхьа-ши дош ма дара сан», — аьлла. Хьалхарчу дийнахь Маликас шена бен ца хета кеп х1оттийра. Шолг1ачу дийнахь хаьттира: «Х1ун ши дош?» — аьлла. Ткъа пхоьалг1ачу а, йалхалг1ачу дийнахь а, оцу Черсина лерга т1е батт а йиллина, цуьнга аса аьлларг дуьйцуш лийлира. Ткъа тахана… шу кхетта хир ду-кх, Черси сайна т1е валлалца хьоьжуш лаьтташ йу-кх со. (Елакъежа, бета т1е куьйг а дуьллуш, эхь хетар гойтуш) Делахьа, хьоьжуш-м йара со… Веъна и к1ант схьакхаьчча со йоьхна хилар д1а ма гахьара цунна… Эх1! Вог1уш ву хьуна… Улло йаьккхина Малика а йу… Х1умма а дац… И уллохь хилча, суна атта хир ду.

Эх1!, Малика д1айахара, со ма гиннехьа… Эхь хетта хира ду цунна… (Д1айоьрзу)

Черси. (Тумишига) (Самукъане олу) Хьо йо1 йу боху соьга цхьаъ ала луъуш… Бакъ дуй и…

Тумиша. (Схьайоьрзу. Эхь хеташ, б1аьргаш охьадохийтуш). Де дика хуьлда хьан!

Черси. (Тумиша гича, самукъадалар хийцало. Йо1 хазахетар гуш ду) Далла йезийла…

Тумиша. Малика… нийса кхетта хир йац хьуна… Аса иштта ца аьллера и…

Черси. Тумиша… Тумиша йуй хьан ц1е? Ц1е-м хазаниг ма йу хьан! Хьо суна ишколехь хьалха а ма гина. Ворх1алг1а классера йуй хьо?

Тумиша. Йу, со ворх1алг1а классехь доьшуш йу. Хьо-м кестта итталг1а класс чекхйоккхуш ву, х1окху б1аьста. Ирс долуш стаг ву хьо.

Черси. Ирс долуш х1унда ву со?

Тумиша. Ишкола чекхъйаьккхина хьо д1аг1ура ву… Со ишколехь йуьсура йу…

Черси. (Х1инца т1аьхьакхуьуш ву) Хьо х1инца а жима ма йу! Кхин кхаьа шарахь деша ма деза хьан ишколехь!

Тумиша. Со-м йац жима… Кхо шо к1антана а, йо1ана йуккъехь дукха дац олуш хезина суна тхан нанас…

Черси. Т1аккха делахь со-м хьо йоккха хиллалца хьоьга хьоьжуш 1ийра ву!

Тумиша. Кхо шо-м сиха д1адера ду… (эхь хетий) Со-м сиха йоккхахила хьожур йу… Со-м дика доьшуш йу…

Черси. Со ишкола чекхъйаьккхина ваьлча аьрме ваха дагахь ву. Аьрмера ц1а веъча, кхин шина шарахь милицин ишколе г1ура ву. Оцу хенахь хьо дешна а йера йу… Хьоьжура йуй хьо соьга?

Тумиша. (Хазахетар къевла даккха г1ерташ) Хьоьжура… йу со… йу.

Черси. Дош лой ахьа, «Хьоьжура йу» — аьлла?

Тумиша. (Эхь хета)

Черси. Дош лой ахьа…?

Тумиша. Ло… Аса дош ло… Хьоьжура йу, аьлла…

Черси. Ткъа, со аьрме вахача, кехаташ йаздийра дуй ахьа?

Тумиша. Йаздийра ду.

Черси. Х1ора дийнахь йаздийра дуй ахьа?

Тумиша. Х1ора дийнахь-м йаздийра дац!

Черси. Х1унда?

Тумиша. Хьо кура вер ву, х1ора дийнахь хьайга кехаташ йаздича. (йелакъежа).

Черси. Вера вац со кура. Со иштта а ма ву, хьо а йевзина кура ваьлла. Йало, аса ц1а д1акхетайийра йу хьо. Шен хеннахь ц1а ца йаг1ахь, хьан нанас дов дийра ду хьуна! (велакъежа).

Тумиша. Дов цхьажимма бен дийра дац суна нанас. Сан нана мел дика йу хаъий хьуна!

Черси. Вайн наной шаберш а бу дика! Цаьрга кхочуш х1ума дац х1окху доккхачу дуьненахь!

Тумиша. И бакъ ду!

Черси. Йало, йало! Хьо дика доьшуш йу бохуш йацара хьо? Урокаш 1амон йеза. Дика дешалахь, мегаш дуй?

Тумиша. Таханлерачул т1аьхьа кхин «пхеъанал» лахара доккхура-м дац! Аса дош ло хьуна!

(Д1адолало ший а)

Черси. Кхана а ишколехь гур ду вайшиъ, мегаш дуй?

Тумиша. Со-м ахьа иштта эра дац моьттуш йара…

Черси. Эра ду дера. Х1инца со суо а 1енлура вац, хьо ца гича. Х1ора дийнахь…

3-г1а сурт.

(1980 ШО Г1ант. Уллохь чохь телефон йолу жима чоь, кабина ЭКРАН. Уллохь телефонистийн чоьнна жима кор)


Черси. (Г1анта т1ехь хиъна 1аш ву. Лейтенантан погонаш, духар милцочуьна) Делахьа ма йахъелла х1ара хан. (Т1евоьду корана) Хьажахьа йо1, Соьлжа-г1ала, 1ашхой-Марта заказ йара сан телефонан къамел хилан дезаш.

Телефонистка. (йоь1ан АЗ.) Лераме жима стаг, хьо и хаттар а дохьуш суна т1е веъна нийсса 2 минот ах минот йаьлла-кх.

Черси. Хьоме йо1, хьо ца хьежначух тера ду эзар километр генахь хьоьга хьоьжуш 3 шо даьккхинчу хьайн уггара мерзачу ненан озе!

Телефонистка. (АЗ.) Со хьох дика кхета! Ненан озе кхочуш аз дац х1окху доккхачу дуьнена чохь, накъост лейтенант.

Черси. Хьо кхеташ йелахь, кхин цкъа а д1атохахь тхан нене. Со хьоьжуш ву ала цуьнга, со цуьнан хьоме аз хазаре хьоьжуш ву ала!

Телефонистка. (АЗ.) Сан жимма хан мукъа йу, ас йацйийра йу хьан хьежаран хан.

Черси. Муха йацйан йоллу хьо и хан.

Телефонистка. (АЗ.) Кавказехь олуш хезна суна: «Воккхачу стеган некъ аьттачу баккха лаахь, 1аса йа г1аж ло цуьнга, некъ бацбан лаахь, хабарца 1ехаве и».

Черси. Со воккха стаг ву бохург-м хир дац хьан и. (велало)

Телефонистка. (АЗ.) Хьо Кавказан стаг ма ву, хьо дика кхета сох. Цхьа хаттар дан мегий хьоьга… ц1е муха йу хьан?

Черси. Черси йу сан ц1е. Хьайниг, дика йо1, муха йу ц1е?

Телефонистка. (АЗ.) Сан ц1е Лариса йу, немцойн маттахь — Лорхен.

Черси. Немцойн маттахь х1унда элира ахьа и?

Телефонистка. (АЗ.) Со немцо йу. Йина Караганда г1алахь, ц1ера арадаьханчу хенахь.

Черси. Х1а-а, кхийтира со. Шу советски немцой ду. Ткъа Рязанехь муха нисйелла хьо, Лорхен?

Телефонистка. (АЗ.) Шун Нохч-Г1алг1айн Республика метта х1оттийна, ткъа тхан немцойн республика Саратован областахь метта ца х1оттийна. Саратовехь ца нисделча, тхан х1усама Рязане схьакхелхина.

Черси. Нохчий ц1ера арабаьхначу хенахь, немцойн къам бухахь хилла. Дукха г1о дина, дукха диканиг дина немцоша, казахаша нохчашна. Хезина суна, шун республика метта ца х1оттийна бохуш. Нийсо йац и. Немцойн къамо доккха г1о деш йина Петр1 Россех Росси а.

Телефонистка. (АЗ.) Черси, ткъа т1ехьийза йо1 йуй хьан ц1ахь?

Черси. (велало) Ой, йу дера! Уггаре хазаниг х1окху дуьнена т1ехь! Х1инца тхайн нене а тоьхна телефон тохан йезаш ву со Тумишига.

Телефонистка. (АЗ.) Муха… мишига?

Черси. Лорхен, хьан лергана дика ца къаьста моьтту суна и ц1е. Ту-миша!

Телефонистка. (АЗ.) Хаза ц1е йу и-м, Ту-миша.

Черси. Хаза ц1е йац! Уггар хаза ц1е йу х1окху дуьненахь! Лорхен, аса Тумиша йалийча, хьо телеграмма а йаийтина… аьлча а, хьоьга телефон тоха атта ма хира ду, ловзарга кхойкхура йу хьо. Реза йуй хьо хьошалг1а йа?

Телефонистка. (АЗ.) Реза йу со-м. (телефонан зар-зар йека) Черси, собарделахь! (телефона чухула къамел до) Ладуг1уш йу! Рязань!.. Соьлжа-г1ала! 1ашхой-Марта! Вовшаха тосу аса Соьлжа-г1ала — Рязань! Черси! Хьалхарчу кабине чу вала! Хьан 1ашхой-Марта йу з1енехь! Хьан хьоме нана!

Черси. (Мох санна чуэккха кабинина) Нана! Нана! Хьуна хезий хьайн к1ант! Со ву! Черси ву!

Мажа. (АЗ.). Черси! Сан к1ант! Со хезий хьуна? Мажа йу со! Хьан Нана!

Черси. Нана, дика хеза. Хьан аз эзарчу аьзнаш йуккъехь уггар а хьомениг, хазаниг! Маьрша йа хьо, Нана!

Мажа. (АЗ.) Черси, муха 1аш ву хьо? Маца волу дешна? Ц1а маца вог1у хьо? Маца гур ду вай?

Черси. Кестта гур ду вай, Нана! Кхаъ баккха тоьхнера аса телефон: со дешна ваьлла! Хьан к1ант милицин лейтенант, эпсар ву! Практике Челябинске хьажош ву со. Цига д1авахале, ц1авог1уш ву со х1окху деношкахь. Вай кестта гур ду, Нана!

Мажа. (АЗ.) Хаза кхаъ бу и! Дела реза хуьлда хьуна и кхаъ баккхарна! Со хьоьжуш хир йу.

Черси. Нана, муха со хьоьжуш хир йу? Тумишех х1ума ца олу ахьа?

Мажа. (АЗ.) Ц1а веъча дуьйцур ду вай… Тумиша маре д1алуш йу… Вай хьуна Тумишел хазаниг йалор йу…

Черси. Со кхетта… Нана… Цхьа жимма а хьайн аз хазийтахьа.

Мажа. (АЗ.) Хаза хан йу вайн Мартант1ехь, б1аьсте… бошмаш… ц1авола сихха, сан сагаттало, хьо ганза дикка хан йаьлла.

Черси. Дика ду, Нана. Кестта гур ду вай, Дала мукъалахь! (охьайуьллу телефон) (соцунг1а а хуьлий лаьтта цхьана ханна)

Телефонистка. (АЗ.) Черси… Черси… Тумишига тоха ца оьшу?

Черси. Ца оьшу, Лорхен… ца оьшу.

Телефонистка. (АЗ.) Черси, шадериг дика дуй?

Черси. (Велакъежа) Х1унда дац дика? Дера ду!

Телефонистка. (АЗ.) Шадериг дика хир ду, Дала мукъалахь!

Черси. Аса хьошалг1а кхайкхар диц ма делахь, Лорхен! Дала аьтто бойла хьан, немцойн йо1! Дика йо1 кхиийна хьо кхиийначу нанас! (Куьйг а ластадой, д1авоьду)


Ма хьежа можа малх, х1ара б1аьсте хьоьстуш,

Х1инцалца суна а ахьа йовхо луора

Ша санна шийла дог 1ийжадо… цоьстуш (ша — лед)

Ницкъ суна лохьа малх, ца йожа гуора…


Ас хийла сатийсина б1аьсте йу 1аьржа,

И йочана, и бода ша мара къуьйлуш.

Дуьне ша 1ададеш гуонаха йаьржи,

Хин чана, чухьаьди сан безам муьйлуш.

4-г1а сурт

(1980 ШО. Мартана йистехь. Марта охьадог1уш ВИДЕО)


Тумиша. (Черси схьаваре хьоьжуш лаьтташ йу. Малхе хьожу) Б1аьсте, ма шийла йеъи-кх хьо ца моьттуш. Сан безам тахана д1абовра бу техьа, г1ийла чиркх хилла. Черси-м ц1а веъна ма боху. Маржа йа1 цхьа ах шо хьалха… Ма хийла ойла йинера ас… со теша… цо а йинера… Аса хьоьжура йу аьлла хан: мел дукха д1айели… тахана… кхана бохуш. Цу Везачу Дала кхоьллина ду ма боху рицкъанаш, ткъа цуьнца къовса вац дуьненахь цхьа а. Черси-м эпсар хилла ц1авеъна боху, хаза товра йу цуьнгахь дашо эпсаран погонаш. Ца моьттург хуьлуш дуьне хиллера х1ара… Дас делла дош ца дохош, сайн дахар д1адала кийча йу со… Да цхьаъ бен ма вац… Дахар а дац цхьаъ бен… Безам а…

Черси. (Милицин духар а т1ехь гучуволу. Тумиша а гой соцу. Д1аваха г1урту)

Тумиша. Маьрша вог1ийла хьо, Черси! Черси, хьо ц1а веъна? Дешна вели хьо? Дашо эпсаран погонаш ма хаза хета хьоьгахь!

Черси. Дела маршалла хуьлда хьуна а! Со ц1а веъна… Хьо муха 1аш йу… Тумиша… Ц1ераниш а могуш буй?

Тумиша. Делан къинхетамца цхьаьна 1аш ду тхо а.

Черси. Х1окху погонех самукъа ца долу сан х1инца. Х1ара погонаш лаха а вахана, сов дукха хан д1айели. Вай хийра девли… Хьо маре йоьдуш йу, аьлла кхаъ суна Рязанехь волушехь т1аьхьа ма кхечи!

Тумиша. Вайн рицкъанаш Везчу Дала, вай дуьненчу а дахале, кхуллу бохуш хезна суна. Цуьнан теш хила кийча йу со тахана.

Черси. Вайшиъ гура дуй техьа цхьаннена… хьан сирлачу ц1ерна т1е марха хьодура йуй техьа! Сан бакъо йац хьоьца латта… нехан нус ларалуш ма йу хьо…

Тумиша. Нийса ду… вайшинна мел болу лазам шеца бохьуш дош делахь а… со тхайн дас деллачу дашна теш хуьлуш… нехан нус хилан дош делла йу. Амма со тахана хьуна дуьхьала йеъна сайн нахана а хууш… церан пурбанца.

Черси. Оцу дешнаша хададо шадерг а! Хьан сийдолчу ден дош соьга а дохалур дац! 1одика йойла…

Тумиша. Собардехьа… Черси. Цхьажимма б1аьрг 1абабайтахьа хьайх. Масана лаьттинера вайшиъ иштта… масана г1енах а лаьттинера со хьоьца иштта. Тахана сан самайала кхоьллина де ма ду х1ара, х1ара б1аьстенан хаза де! Дагадог1ий хьуна аса ворх1алг1ачу классехь йолуш, сайца парти т1ехь 1аш йолу йо1 Малика 1еха а йина, хьо схьавалавайтина?

Черси. Ахьа элира кехаташ йаздийр ду аьрме т1аьхьа… Со кура ца валийта, х1ора дийнахь йаздийра дац бохура ахьа кехаташ. Х1ора дийнахь ца йаздахь а, кест кеста-м йаздора ахьа уьш.

Тумиша. Кест-кеста ца йаздора… х1ора дийнахь йаздора… Шадерш а д1а ца тосура аса…

Черси. Со кура ца валийта!

Тумиша. Хьо кура ца валийта…

Черси. Ахьа со аьрмехь волуш суна даийтина сурт х1инца а соьгахь ду… хьоьга духадерзийча х1ун дара техьа? Нахана хьалха нийса хир дуй техьа?

Тумиша. Нахана хьалха вайшинна цхьа а сий хьадеш цхьа а х1ума дац… И цхьа къайле мукъна йисийтахьа вайшинна. Сан сурт, аса хьуна, айса нахана дош далале хьалха делла ма ду. Баьгна д1абаьллачу безамах бисина ц1еран суй хилийтахьа оцу суьртах.

Черси. Оьзда а, дика а йо1 кхиийна хилла хьан нанас, Тумиша! Сан ирс хира дацара хьо санна йолу йо1 керта хьийза!

Тумиша. Сан ирс а ца хили оцу хьан оьздачу керта хьийза… Далла хастам бо аса, вай вовшен девзаш долчу ханна йукъахь мукъна а и ирс сайна даларна!

Черси. Къинт1ера йала суна, Тумиша!

Тумиша. Хьо а вала, Черси, къинт1ера!

Черси. Баркалла хьуна! Цу Везчу Дала ирсе, дика дахар лойла хьуна керлачу х1усамехь, Тумиша! (Д1авоьду)

Тумиша. Ва, сан Веза Дела! Ас д1ахоьцу хьо, сан безам, ас мукъа буьту хьо тахана, тховса дуьйна! Хьо к1айн кхокха хилий боссалахь, бисалахь дикачу к1енташна… оьздачу маьхкаршна!

5-г1а сурт

1987 ШО Черси, Адам, Г1айрбек. Мажа, Бесила. Мажин чоь ЭКРАН СУРТ


Адам. Деца, Мажа, деца Бесила, тхо стенна гулдина аша? Николай Васильевичан «Ревизор» комеди т1ехь санна: «Вайга вог1у ревизор!».

Мажа. Ца вог1у, Адам, вайга цхьа а «ревизор». Вайн Черси къанлуш лаьтта и шен Тумиша йиц ца луш! Ворх1 шо! Ворх1 шо д1адаьлла Тумиша маре йахана! Ткъа х1ара оцу шен балхах бен самукъадолуш вац… х1окху дуьненах а!

Г1айрбек. Делахь, деца Мажа, и сан а, Адамин а бехк бу. Х1окхунна охашимма мел дукха маьхкарий гайтина хаий шуна! Мел хаза маьхкарийн суьрташ!

Адам. Аса Алла Пугачевин сурт а т1ехь гайтина х1окхунна! (Велало)

Г1айрбек. Боккъала дийцича, х1ара хьал хийца дезаш ду!

Адам. Сихха!

Г1айрбек. Собар дехьа, Адам… Деца Мажа, деца Бесира, х1инца вай цхьанакхеттачура х1ара г1улкх кхин д1адижийта йиш йолуш-м дац!

Мажа. Г1айрбек, Адам, суна мел хаза йо1 карийна хаий шуна! Цуьнан сурт ша и малх санна лепаш ду-кх дукха хаза йолуш! Сан к1ант д1а а ца хьаьжи оцу суьрте.

Черси. Нана… сан х1инца йиш йац мехкаршна т1аьхьа ваьлла лела… Со балхахь ч1ог1а сиха воллуш ву…

Адам. Деца Мажа, мичхьа ду и малх санна лепа сурт? Схьагайтахь. (Мажас сурт схьакховдадо Адамига) (Сурте а хьожий) Ох1-х1ай, деца Мажа, х1ара йо1 аса сайна йало мегий! (Черсига а хьожий) Ца мега! Ца мега! Бегаш бо аса! Со-м тхайн х1усамненах ваьхьара а вацара… Собардайша! Ткъа Черсина гиний х1ара сурт?

Бесира. Сой, Мажий, шина сохьтехь йаьллина, Черси суьрте мукъа хьажийта. Г1улакх ца хилира! И муха хета шуна?

Адам. Черси, хьажахьа… сурте мукъа а хьажахьа! Хьуна хаза ца хетахь аса сайна мукъа схьайалор йу-кх и Тумиша…

Черси. Муха Тумиша?

Г1айрбек. Иштта Тумиша, оцу хьуна хьахийначу йоь1ан ц1е Тумиша йу, кхузахь йаздинарг бакъ делахь!

Черси. Тумиша… муха Тумиша?

Адам. Иштта йу-кх, Тумиша… Собардайша… Тумиша. (дагадоийту) Х1ара а ма йу Тумиша! Тумишара эшабийра болуш-м ца хилла х1окху сан доттаг1чунна Дала.

Черси. Тумиша…

Г1айрбек. Суьрте мукъа а хьажахьа! Хьуна хаза ца хетахь вай Адамина схьайалор йу.

Адам. И бохург х1ун ду? Суна х1унда йалош йу и! Со-м ваьхьара вац тхайн х1усамненах!

Г1айрбек. Ой, х1инца вацара хьо «Соьга йалайайта… йайта» — бохуш?

Адам. Дохко велира со. (Велало) Г1айрбек, хьо бегашах ца кхеташ, со къанвина-кх ахьа!

Г1айрбек. Собардехьа, Адам! Сурт д1агайтахьа Черсина, и реза хила мегаш дац и?

Черси. (Шега Адамас схьакховдийна сурт схьаоьцу) (Суьрте а хьожий, ц1аьххьана ира х1утту) Муха… Тумиша!

Адам. Собар! Собар! Йац! И Тумиша йац! Цуьнан йиша а йац… гергара а йац. Тера-м йу… ч1ог1а тера йу! Т1е а 1оьттина, схьайаьккхича санна тера йу! Хьалхалерачу Тумишел хаза а йу!

Черси. (Черси Адамига хьожу)

Адам. Ма хилийтахь цулла ч1ог1а хаза, жимма хаза-м йу. Йац ткъа, Г1айрбек? Деца Мажа? Деца Бесира, ахьа мукъа алахьа дош.

Бесира. Дера йу хаза йо1 Тумиша!

Г1арбек. Черси, ворх1 шо д1адаьлла, сан доттаг1, хьо хьера ваьлча санна Челябинске хохкуш, Г1алг1айнчу балха хоьхкуш! Сайн вешин бераш техкора долуш вара со, доттаг1 ледара вацахьара…

Черси. (Суьрте а хьоьжуш, велакъежа)

6-г1а сурт

(МАЖИН ЧОЬ Истола т1ехь 1аш ву: Черси, Адам, Г1айрбек. Мажа, Бесира дехьа.)


Адам. Э-э! Г1арбек, дера ца моьттура суна, вайшинга х1окху Черсига зуда йалайайта лур йу!

Г1айрбек. Адам, хьуна дера ца вевза х1ара Черси. Вайшимма йо1 хазаниг ца хаьржина хилла х1окхунна.

Адам. Г1айрбек, хьо вара и йо1арий хоржуш верг даима а. Ахьа соьга харжийтинехьара, тоххара г1улакх чекхдаьлла хир дара.

Г1айрбек. Вай ший а дукха хьийжира… Ненан дог кхийтира шен к1антана муха нускал товш хир ду. Эйт йа1! И ненан дог, цуьнга кхочуш х1ума хир дац х1окху доккхачу дуьненахь! Мел ц1ена ду и, мел къинхетаме ду! Деца Мажа, мел хаза нускал, мел дика йо1 хаьржина ахьа хьайн к1антана Черсина… сан а, Адаман а дикачу доттаг1чунна! Мел ирсе дехара ду х1ара шиъ: Черсий, Тумиший! Мел сирла дахар ду цаьршиннга хьоьжуш… мел к1езига а б1е шарахь! Деца Мажа, оцу Везчу Дала барт цхьаъ бойла шун! Дала декъала йойла вайн нус Тумиша!

Адам. Дала декъала йойла вайн нус Тумиша!

Мажа. Дела реза хуьлда шуна Г1айрбек, Адам! Сан к1антана ши ваша санна хилла схьавог1уш ву шу шиъ ишколера дуьйна. Дала ма эшадойла шу вовшен цкъа а!

Адам. Деца Мажа, деца Бесира, иштта атта 1еха-м хьаха ца во аша сой, Г1айрбеккий! Вай кхузахь дууш, молуш ду! Черси а ву тхойшинна хаза хабарш а дуьйцуш, тхо 1ехош! Ткъа х1окху истолана т1е хьийза йезаш йериг вайн нус ма йу! Мичхьа йу вайн нус? Х1унда йац и шовданах буьззина хин чами а буйнахь, тхойшинга мотт бостийтуш?

Г1айрбек. Нийса боху, Адам, со-м и х1ума дукха йиина хьагал вала воллуш ву! Деца Бесира мичхьа йу вайн нус? Схьайалайе и шовданах буьззина чами хи а дохьуш!

(Бесирас схьайалайо нус Тумиша)

Адам. Ой, Дала маьрша йалайойла хьо… Г1айрбек, Тумиша йарий х1окхуьна ц1е?

Г1айрбек. Йара дера. Дага ца дог1у хьуна, вайн доттаг1 Черси дуьхьала ваьлла: Тумиша йалайе шена бохуш! Х1ара йу-кх Тумиша!

Адам. Г1айрбек, х1ара Тумиша-м вайшиннах йешаш а йац. Гой хьуна, йела а йоьлуш лаьтташ йу-кх!

Г1айрбек. Х1а-а, со кхийтира! Х1окхара х1окху дуьнент1ехь мел йолчу Тумишех, уггар а мотт ца хууш йериг йалийна!

Адам. Тумиша… ва, Тумиша! Х1окху Г1айрбекас хьуна мотт ца хаьа ма боху. Ала йала сихха, и тхан накъост бакъ ву йа вац!

Г1айрбек. Аса х1ун элира! Хьажахьа… йела ма йоьлу и. Вайшиннегара х1ума а оьший техьа цунна?

Тумиша. (Корта ластабо. П1елгашца гойту, шена ахча дезаш хилар)

Адам. Х1а-а, и дара и? Суна хаьара т1аьххьара х1ара Тумиша саг1адеха йолалура йуй. Х1ун дийр ду т1аккха… Г 1айрбек, хьан кисанахь йисаний шай-кай-х х1ума?

Г1айрбек. Делахьа ца хаьа. Хьажий со? (Схьадоккху сом) Эх1, мелла а нахарчаш йисина хилла соьгахь. Х1ара дум санна дерстина сом-м ду!

Тумиша. (Корта ластабо, реза йац иштта атта мотт баста)

Адам. Доттаг1, ийза ма лохьа, айхьа хьан зудчух лачккъийна туьма схьагайтахь!

Г1айрбек. Хьо айкх а к1ордийна суна! (Схьадоккху киснара ц1ен ши туьма) Х1ара ши туьма-м лур ду вайн несана!

Адам. Ма лолахь ахча несана кара, кхин а ца делча, мотт бостура бац хьуна цо!

Г1айрбек. Мегар ду. Ткъа хьо х1ун деш 1аш ву, сан шина туьманега а хьоьжуш?

Адам. Вайшинна т1ера дац ахьа несана хьалха ловзош долу ши туьма?

Г1айрбек. Со а воллу хьуна айкх вала!

Адам. Хьо а вац хьуна, Г1айрбек, ахчана т1е даьлча, х1ума къайла а дохийтур долуш!

Г1айрбек. Х1етал-метал хоийла шуна: И д1о Адаман кучана хьалхарчу кисанахь доллу ц1ен туьманаш хьена ду?

Адам. Сан ду-кх! Хьена хир дара уьш?

Г1айрбек. Нийса ца элира! Дац! Хьан а дац, сан а дац… х1окху вайн дикачу несан ду! Вала схьадаккхий туьманаш!

(Шимма а ахча ло несана)

Адам. Оццула ахча делча-м аса а бостура бара и мотт. (велало)

Тумиша. (Йоьлуш хи кховдадо, Черсин доттаг1ашка, чамин т1ам хьалха а кховдош)

Г1айрбек. (Схьаоьцу хи) Эх1, х1ара Адам аьлча а, х1ара пис и ахча д1аделла ца волуш, хьогалла вий-кх со! Тумиша, х1окху хих х1ун дан деза?

Тумиша. Д1амала «Хаза к1ант», г1оза молийла ахьа и!

Г1айрбек. (Хи молу) Оцу Везчу Дала дукха йахайойла хьо тхан хьоме нус! Дала х1окху кертахь барт цхьаъ бойла шун! (Ахча чамин йисте а лоций буха кховдабо)

Адам. Тумиша, соьга а малийтахьа и шовдана хи!

Тумиша. (Хин чами кховда бо Адамига а) «Дика к1ант», г1оза молийла ахьа и хи!

Адам. Везчу Дала дукха йахайойла хьо тхан хьоме нус! Дала барт цхьаъ бойла шун кертахь! Деца Мажа, Везчу Дала декъала йойла вайн нус! Дала барт цхьаъ бойла!

Мажа. Дела реза хуьлда шуна, сан Черсин дика доттаг1ий! Маьрша лела шу, дукха даха!

2-г1а дакъа. 1-ра сурт.

1994 ШО ЭКРАН МАРХАШ Мажин чоь, Мажа цхьацца г1уллакхаш деш йу.


Бесира. (Чу йог1у) Мажа, чохь дуй шу?

Мажа. (Дуьхьала йолу сиха) Бесила, х1ун хилла… х1умма а хиллий! Чу йола, чохь ду тхо. Х1умма а хезний хьуна… Черсех…

Бесира. Ма, хьашт доцуш кхерайи-кх аса хьо. Сайна суо 1ан дегаза хета суна. Дехьа аг1ора… сехьа аг1ора, массо а аг1ора чуг1ерташ ду боху и оьрсийн эскарш.

Мажа. Дера боху дукха эскарш ду вайна го бина, чудог1уш… Х1ун дийра ду а ца хаьа…

Бесира. Черси ма ца го суна, ц1а веъна вацара и?

Мажа. Х1усама Г1алг1айн махкахь ма йу цуьнан… Сихо йира цо д1авахан… Соьга а шеца д1айола бохуш вара и. Тхо а дитий, сихха д1аг1о, аьлла аса д1авахийтира.

Бесира. Хьо а йаха йезаш ма хиллера цуьнца, тхо массо а дитина а.

Мажа. Дера хиллера вай массо а лахьделла д1адаха дезаш. Черси волучохь шортта меттиг бу, ша-м чохь хуьлуш а вац и, дийнахь а буса оцу балхахь воллуш ву. Цуьнца веъначу г1алг1айчо дуьйцу, Черси ца соцу бохуш. Дукха г1алг1ай бара боху, оьрсийн эскарш шаьш долчу аг1ора Нохчийчу ца дахкийта арабевлла. Черсина хаара боху, оьрсий совцалура боций, цара цхьа зе дийра дуй. Дукха нах к1елхьара бехира бохуш, дуьйцара оцу г1алг1айчо, Черсис, оьрсийн вертолеташа, кемнаша г1алг1айшна т1е ракеташ йетта йолийча. Кхоьру со, сайн Черсина цхьаъ хиларна!

Бесира. Г1алг1ай шайна муьт1ахь ма хилла, вайна йукъа доза а х1оттийна севццера уьш… Ткъа х1инца…

Мажа. Хьо х1ун ала г1ерта, Бесила?

Бесира. Со-м хьо кхералура йуй а хууш, ца олуш 1ара. Аса ца алар пайда буй, массо а радиочухула дуьйцуш хилча. Х1инца радиочухула кхайкхира: оьрсийн эскарш вайн дозанах сехьа а девлла, чудог1уш ду, аьлла.

Мажа. Ва-а! Елла йала со! Х1инца х1ун дан деза! Черси дехьахь ма виси х1инца! Цо баха-м бехира вайга масаьрга а, шеца д1адуьйла! (Йоьлху) Кхин гура вац суна сайн к1ант Черси!

Бесира. (Йелха а ийзайеш) Ма йелха, са ма даа хьайн! Шадериг а дика хир ду, Дала мукъалахь! Вайн къам Сибреха а хьажийна, цигара а ц1а деъна, цулла докхха х1ун хир ду!

Мажа. Хийла инзаре х1уманаш дукха ду х1окху дуьненачохь. И Сибрех а ма лайра, ах нохчийн къам цигахь а дитина ц1а ма даьхки. Х1инца х1ара т1ом! Веза Дела, орцаха валахь тхуна а тхан мискачу къомана!

(ЭКРАНА Т1ЕХЬ ЧУДОГ1УЧУ ОЬРСИЙН ЭСКАРИЙН КОЛОНАШ, ТАНКИЙН Г1ОВГ1А)

(Мажа а, Бесира а йу лаьтташ, вовшаха а хьаьрчина, кхерайелла)


2-г1а сурт


(1995 ШО. ЭКРАН. БЛОКПОСТ СУРТ. Суьйре. Уллохь лаьтташ салти, герзаца.) АЗ декадеш волчунах ван мегар ву САЛТИ. Четарна чуьра АЗ Адам, йа Г1айрбек — аз хийцина)


Черси. (Гучуволу, соцу, вуха хьожу) Цигахь жимма собар делаш! Шу дукха хан йу х1окху блокпостах чекх ца довлийтуш лаьтта… Шу шелделлий а хаа суна… Собарде кхин а жимма!

Аьзнаш. (Байташ йоьшучу йоь1ан АЗ, йа д1айаздина адамийн аьзнаш) Черси! Ма г1о царнна улло, цара цхьа тешнабехк бийра бу хьуна! Ма г1о… Ма г1о…

Черси. Цигахь латталаш шу, аса схьадуьйла аьлчи бен т1е ма дуьйлалаш. Х1окху нахаца жимма къамел ду сан.

Салти. Блокпостана улло вар дихкина ду! Хезаш вуй хьо! Йухавала! Ас герз тухур ду хьуна! Хьо къора-м вац! Аса герз ца туху, хьуна т1ехь милцойн духар хиларна! Кхин т1еваг1ахь, аса герз тоьхана д1акарчора ву хьо! Т1е ма вола, ца боху ас!

Черси. Собар! Со цкъа т1е ваийта!

Салти. Ас герз тухур ду ца элира хьоьга! Хьо лаьттачура кхин ког ма баккхалахь! Х1ун лелайо ахьа, милцой духар а дуьйхина!

Черси. (Улло вог1у)

Салти. Вухавала ца боху аса хьоьга! Аса х1инца д1о четара чохь бийшина 1оьхкучу накъосташка схьакхойокху! Вухавала!

Черси. (Т1екхочушехь салтичунна лерга т1е т1ара туху) Со вевзий хьуна? Со мила ву хаъий хьуна!

Салти. Ца вевза… Аьлча а вевза… Вевзаш хила а мега, масана хуьлу, цкъа ца вевза… дикка хьаьжича, вевзаш хуьлу, дагахь а доцуш…

Черси. Х1окху блокпостах аша Г1алг1айчу дехьа ца бовлийтуш, д1огахь шелонгахь лаьтташ болу т1емах бевдда бог1уш болу нах гой хьуна?

Салти. Ой, го дера! Аса х1инцца кхузахь чекх а ца бовлийтина бухабахана бу уьш.

Черси. Ткъа ахьа чекх х1унда ца бовлийтина уьш?

Салти. Цара шайгара йог1ург схьа ца йелира, шайгахь х1умма а йац… тхан блокпостана т1е кхачале, вукху блокпосташкахь д1айелла шаьш т1аьххьарниг, аьлла…

Черси. Ткъа цаьргара хьуна х1ун йог1у!

Салти. Муха х1ун йог1у… ахча ло-кх цара, шаьш дехьадовлийтург.

Черси. Цаьргара ахчанаш дахан х1оттийна ву хьо кхуза? Мацалла-м йац хьоьгахь кхузахь!

Салти. Муха хиъира хьуна и!

Черси. Муха мацалла…

Салти. Тхуна схьайан йеза йуург, т1ейухург… шайн лачкъон аьтто баьлларг лачкъош йу тхан эпсарша, д1айухкуш… маларх хуьйцуш… Тхайна цхьа амал ца бича ца довлу тхо а!

Черси. Ткъа оцу мух1ажарийн метта хьайн да, нана хилча муха хетара дара хьуна?

Салти. Церан метта сан да… нана хилча… бен д1а хетара дацара-кх! Со жима волуш дуьйна д1акхоьссина а витина… къаьркъа муьйлуш, суна йетташ лелла волу да а, аса саг1а дехна бепиг эца йаьккхина йолу кепекаш, соьгара д1айохуш, цунах къаьркъа ийдеш лелла йолу нана… Х1ара мисканаш а боцуш, х1окхеран меттехь уьш хуьлийтура бара аса, хазахетарца!

Черси. (къахета салтичух) Ц1е муха йу хьан, салти?

Салти. Витек… Витя…

Черси. Виктор, къинт1ера вала суна, аса, догдаьтт1ачара хьайна тохарна. И д1о арахь, шелонехь лаьтташ болу нах, дехьа бовлийтар бу ахьа. (Киснара схьадоккхий) Х1ан, оцу нахах дог1уш долу ахча х1ара ду хьуна.

Витя. (Схьа ца оьцу) Ца оьшу, нохчи… ахча… Ца оьшу… аса иштта а т1ехбовлийтура бу уьш.

Черси. (Жимма дехьа а волий мохь туху мух1ажаршка) Хезий шуна, х1ей нах, схьадуьйла! Аса дехар а дина, х1окхара шу т1ех довлийту боху. Со д1авоьду шуна… сиха а ца луш, т1едахка мегар ду шуна! Шу маьршачу некъаца хуьлда! Ца кхоьрруш т1едахка мегар ду шуна! (Д1авоьду)

Аьзнаш. Дела реза хуьлда хьуна! Дала сий дойла…

(Четара чуьра аз) Витек, мила ву цигахь? Г1овг1а х1унда йо ахьа?

Витя. Х1ара цхьа милицин майор вара-кх!

(Четара чуьра аз) Хьаьрса месаш а йолуш, хьераваьлла стаг санна дера а волуш вуй и?

Витя. Хьарса ву…

(Четара чуьра аз) Ма хьенвелахь и, хьераваьлла милцо ву и, Сипсо г1алара отделера майор! Черси Гатаев… Диъ де хьалха, и сацалург а ца хилла, цунна х1ума тоха г1ерташ дара тхо. Мичара бовлу а ца хууш, ткъеха г1алг1ай милцой схьалилхина, ша-ша бе ца туху моьттуш, тхуна уппада довлалца йетта а йиттина д1абахара уьш, х1ара шайн хьераваьлла нохчо а эцна.

Витя. (Ша шега) Дера вац Черси Гатаев хьераваьлла… Вай ду-кх хьерадевлла! Вай шен къомана т1ехь латтош йолчу къизалоно ваьккхин-кха и хьера а, дера а. Вуьззина къонаха стаг ву-кх Черси Гатаев!

3-г1а сурт

(1999 ШО. ЧЕРСИН ЧОЬ Г1айрбек, Адам, Черси.)


Адам. Тумиша ма ца гира суна? Ц1ахь йац и?

Черси. Базара йахна и. Х1инцца чу кхачан йезаш йу и, йуъург йойтура йу вай, чу кхаьчча.

Г1айрбек. Э-э! Мел сиха йоьду хан д1а! Селхана долуш санна ду-кх вай Черсин, Тумишин ловзаргахь сакъийрина! 12—13 шо даьлла-кх! Бераш а даккхий хуьлуш ду. (Мохьмад, Разет,)

Адам. Дера йоьду-кх и хан, т1аьхьа а ца кхуьуш сиха! Черси, хьо х1инца ц1а веъна ма боху? Мартана т1е схьавеъна хьо?

Черси. Вайн къомана кхузахь пайдена хир вац техьа аьлла, ц1авирзина со. Кхузахь РОВД балха аравала дагахь ву со.

Г1айрбек. Делахьа х1ара вайн накъост оцу луларчу Г1алг1айн Республикехь балхахь ца хиллех йиш хила а цахилера вайн массийта куьпахь а, йерриге йуьртахь а. Х1окху хьалхара т1амтехь а, шолг1ачу т1амт1ехь х1окхо к1елхьара мел даьккхина адам доккха х1ума ду. Оцу оьрсийн салтийн буйнара а бохуш, ца хуьлчу даьлча, царах лета а леташ, мел мисканаш адамаш дозанал дехьа дехира х1окхо.

Черси. Д1адовлийша сох Наьрт-Эрстхо а ца веш. Х1ора нохчийчо шен аьтто баьлча дийра долу х1ума дара и… к1езига аьтто белира-кх… к1езига… бала безачуьнга хьаьжича.

Х1ара, к1ентий, цхьа ч1ог1а сиха дан дезаш х1ума ду. Суна хиъна тахана 1уьйрана салташа чуьра лачкъийна д1авигина Мартана эвлайистера 2 бехк боцуш волу жима стаг. Царна вай сихо йеш орцаха ца довлахь, и к1ентий т1епаза бан тарлуш бу.

Адам. Ва нах, Черси, герз мичара дера дара техьа?

Черси. Герз леха вай довлахь, т1аьхьа хир ду. Мацаха оцу цхьана (г1алг1айчо) йетт боьхкина эцна ша бохуш гучу а ваьлла, цуьнгара Сунжарчу отделехь схьадаьккхина хилла герз ду вайгахь. Милици д1адала дезаш ду, 1едал шен метте д1ах1оьттина даьлча.

Г1айрбек. Валлай ца хаьъа суна-м… и сайн бераш ца кхабалуш к1ела висина со-м, олуш шух там бацахь а! Герз эцара-м дуьйцийла а дацара!

Адам. Боьдуш т1ом болушшехь и шайн мехкадаьтта кхехкадеш ахча доккхуш бу аьтто болу нах!

Черси. Аьлча нийса а ца хуьлу нохчашна х1ума… Вай-м оцу Россера арадовла бан безаш дацара х1ара т1ом… Оцу Россе чу ца дуьтуш уьш дуьхьала бевлича а, ницкъалха оцу чу дахан, бан безаш бара х1ара т1ом. Ах дуьне схьа а лаьцна оцу пачхьалкхехь 1ийра дара-кх вай.

Г1айрбек. Ткъа х1инца дан х1у до вай? Х1у барт бе вай?

Черси. Тховса буьйса йукъаха т1ехйаьлча новкъа довла деза вай! Йовха х1ума а йуха йеза, кога резинах йовха эткаш хилчи бакъахьа хир ду.

Адам. Дала аьтто бахь, цхьа топ а тоьура йу-кх вайна. И кегийра нах цаьргахь бита йиш-м йац. Наношна бухаберзо беза и к1ентий.

Тумиша. (Йоьллучу наь1аран г1овг1а а хезаш, чоьхьа йолу) Ой! Шу ма дика вовшаха кхетта, т1амат1е даха санна. Маьрша ва дела1 шу шиъ: «Дика к1ант», «Хаза к1ант»! Делахьа ма ч1ог1а дика ду шу шиъ веъна! Х1ун хьал дара чохь шиннахьа а? Могуш 1аш дуй шу?

Адам. Маьрша йа хьо, тхан хьоме нус!

Г1айрбек. Маьрша йог1ийла, Тумиша! Далла бу хастам! Дика 1а тхо а.

Адам. Тхан доттаг1чун йуьхь сирла йаьккхи ахьа х1окху чохь!

Черси. (Вела къежа)

Тумиша. «Хаза к1ант», «Дика к1ант» шу шиъ 1ийра вацара шайн и бегаш а битина. Хаза дуъуш, молуш 1аш-м хир дац шу! (сиха хьаьвза) Х1окху Делан сохьтехь аса шуна йуъург а йуьллура йу истола т1е. Цхьана-шина минотехь собар делаш. Со х1инца схьайог1у шуна. Шун пурбанца! (Дехьа чу йолу).

Черси. Доттаг1ий, вай буьйса йуккъе йахча арадовла деза шуна! Оцу делан мостаг1ашна, царна дагахь доцуш т1елата.

Г1айрбек. Кхеташ ду и-м.

4-г1а сурт

Оцу нохчийн т1емлоша т1ом бира майра

Мостаг1чун берзалой ва уг1у моьттуш

Цхьаннаха итт тарлуш, мостаг1чунна хьалха

Лечанаш ва санна, шаьш Толам гойтуш!


(1999 ШО ЭКРАН ХЬУЬНА ЙИСТ Гучуволу кхо накъост. Г1айрбек, Адам кег-мегара чевнаш д1айихкина бинташ) (Охьаховшу)


Черси. (Герз карахь) Доттаг1ий, чевнаш муха йу шун? Хьажийтал со… Кхин кхерамен чевнаш йац, даь1ахк ца лаьцна х1оънаша.

Адам. (чов лозуш узам беш) Деллахьа и йетт, ма беркате хилла. И ца хиллехь йиш йан а йацара!

Гайрбек. (цецволуш) Адам, хьуна во-м дац? Корта ма ца хьаьвзи хьан?

Адам. Ца хьаьвзи сан корта-м, х1унда бохура ахьа, Г1айрбек?

Гайрбек. Иштта д1а бохура аса-м. Хьо хаза бегаш болуш стаг волу дела.

Черси. Шу шиъ х1у дуьйцуш ву, ва ши накъост?

Г1арбек. Х1ара Адам ву-кх цхьа йетт буьйцуш. Алал, Адам, х1ун хилира оцу аттах?

Адам. Д1абоьхкира и йетт.

Г1айрбек. Д1абоьхкира… хьанна?

Адам. Ца хаьа суна, хьанна, Черсина хаъа деза-кх и, цуьнан г1алг1ай ву-кх и д1абоьхкинарг. Амма и йетт ца хиллехьара вайн г1уллакхаш тиша-м хира дара. Оцу г1алг1айчо и йетт д1а а боьхкина и Черсигахь долу герз эцна ца хиллехьара, вайн г1уллакхаш тиша-м хир дара!

Г1айрбек. И бакъ ду! Вай оцу мостаг1ийн тобана йуккъехула, ша и даьттана йуккъехула шаьлта санна, чекхлелхара дацара и герз ца хиллехьара!

Адам. Ма цец деънера цаьрга, мичара довлу а ца хуъуш, ц1аьххьана вай шайна хьалха нисделича. «Ва, нана!» бохуш д1аса бевдира. Черсис деттачу герзано а б1арзбира уьш. Иттех салтий вожавийна хир вара Черсис. Амма уьш кхетта бевлича, вай генахьа дара! Цара йийсаре вина шиъ к1ант вуьгуш.

Черси. Аса-м дукха хьолехь, т1ехула туьйхира царна герз. Цхьаьна ненан к1ентий хир бу-кх уьш а.

Адам. Дукха кхеравелла, суна-м гена йоцуш йолу хьун бе х1ума дацара гуш. Г1айрбек, вайшиннегахьа ма йацара ша и т1улг ца кхоссахь, царнна тоха х1ума а. Мохь хьийкхира ас, уьш шаберш а цец а бохуш.

Г1айрбек. Хьо дукха кхеравелла ца хиллехьара гура йара хьуна тоха кхин а х1ума.

Адам. Ма хаза бегаш бо ахьа х1инца! Х1ун гура йара суна?

Г1айрбек. Со ведда вог1уш сан ког тасабелла г1аж гур йара-кх. Со-м цхьа минот ца йелира, цунах ког а тасабелла вожа.

Адам. И г1аж схьа а эцна, тоха х1унда ца туьйхира ахьа царнна, лазорна-м ца кхоьрура хьо уьш?

Г1айрбек. Т1аккхахула тоха йитира аса.

3-г1а дакъа. 1-г1а сурт

Эзарнаш шерашкахь т1емашкахь къийсар…

Нохчийн къам шен куьйга ц1ера йукъара доккхуш

Эххар а хададеш къизаллин сийсар,

Ахьмад-Хьаьжа велира шуьйра г1улч йоккхуш!


Т1ом сацо ца веъна, т1ом хьа; ша веъна! — (хьаша — растоптать)

Ахьмад-Хьаьжа шен дахар дилли шех тешна

Бакъо ша тоьлура йу, д1аала сецна!

Нохчийн къам балеха ша доккхуш тешна


Гонаха цо шена гулбира нохчий,

Гулбира турпала вежарий баьччас!

Маршоне кховдийра куьйг… т1ом д1ачовхий,

Эзарнаш, нохчийн къам даьккхира баьрчче!


(2000 ШО) ЧЕРСИН ЧОЬ Г1айрбек, Адам. Тумиша йуъург охьах1оттош)


Адам. Тумиша, х1орш-м мацбеллачух тера дац. И т1оберам суна алсама ботталахь!

Тумиша. Х1инцца пешара бовха хьокхам схьабера бу, т1аккха т1оберам а, хьокхам а схьабахьара бу аса.

Г1айрбек. Черси ахьа РОВД хьаькамца цхьана чекхйаьккхина и милици йуха балха х1уттуш аттестаци. Хала х1ума дуй и? Дукха хала хаттарш дарий цигахь?

Черси. Дац хала х1ума! Вай балха дахкарах а ца тешаш аттестацех чекхдовлийта цара. Г1айрбек, хьо милицин балхахь алсама зеделларг а долуш стаг ма ву.

Адам. Балхара д1аваьлла дикка лелла х1ара Г1айрбек, халонаш лайна берзо.

Г1арбек. Дукха хала зама текхи вай. Валай со-м и рицкъа оцу берашна мичара доккхура ду ца хууш висинера. Милицера болх д1абаьлча, Калмыке а вахана хьаьжинера со болх лаха. Ишколехь тхоьца цхьаьна доьшуш хилла лулахо ву цигахь цхьаьна немцойн йуьртахь ишколехь оьрсийн мотт хьоьхуш. Соьга-м хьехалура бац и оьрсийн мотт оьрсийн берашна.

Черси. Калмыкехь немцой бу?

Г1айрбек. Екатерина паччахь йолуш дуьйна немцошна делла латтанаш ду цигахь. Хьалха Ростован областана чудог1уш дара уьш… Калмыкийн Республика метта х1оттош, царнна д1аеллачу шина района йукъа кхийсина уьш.

Адам. Черси, ткъа сан милици балха д1ах1оттаран г1улкх дийцирий ахьа РОВД начальнике?

Черси. Дийцира дера. Хьо аьрмера ц1а веъча сборашкахь (гуламашкахь) эпсаран ц1е а йелла ма ву.

Адам. Ву, лакхара лейтенант ц1е йу сан, бакъ дерг дийцича, со советски эпсар ву.

Черси. Т1аккха хьо атта д1аоьцийтара ву милици балха. Аттестаци а йойтура йу х1инца.

Г1айрбек. Черси, т1аккха, дийцахь, х1ун хилира шун Йуьрта да волучохь шу гулдича? Сой, Адамий дукхаха верг цуннах хилларг хаъан луъуш ма веинера.

Тумиша. (Йуург т1ехь шун а дохьуш чу йог1у) (Адам истол т1ера новкъа йерг д1айоккхуш, г1одан вулу) Эх1, «Хаза к1ант», хьо вацахьара йиш йан а йацара! Ахьа ма-аллара, хьуна алсама т1оберам биллина хьуна! (йелало, б1аьцаш йеш)

Г1арбек. Дера х1ара Адам 1ийра-м вацара цхьа саг1а дехна а, шена ижу ца лехича.

Адам. (сиха истол т1е охьахуъу) Т1аьхьависинчун дакъа цицигаша диъна, олуш ду-кх вайн нехан! Аса шуьга шозза схьакхойкхура дац шуна!

Тумиша. Аса кхойкхура ду! Схьавола «Дика к1ант», схьавола ший а, хьокхам бовха болушехь, х1ума кхалла шайна!

Г1арбек. Со-м реза вац, Тумиша, оцу Адамина ахьа сов а йуьллуш, луш йолчу йуъучунна! (велало)

Тумиша. Аса-м бегаш бора, массарна а тоьур йолуш йу вайгахь, Дала мукъалахь, йуъург.

Адам. Схьадуьйла чехкка, шаьш хьийзадича а ца хаьа шуна! Бегаш и вайн халкъана Дала делла совг1ат ма ду! Вайн къомана санна хаза бегаш бан а ца хаьа цхьанна къомана! Вайх ма аьлла Дюмас «Кавказан французаш!»

Г1арбек. Вайх ца аьлла и Дюмас, вайн дайх аьлла: уьш-м майра а хилла, бегаш беш говзанчаш хилла а ца 1аьш! Хьан хьовзийначу бегашех тер-мера нохчий а кхетара вац!

Черси. Т1ехилал, Г1айрбек, доттаг1ий, йуъург кхаллий вай?

Тумиша. Шайна х1ума оьшуш хилахь, соьга хоуьйтура ду аша. (дехьа чу йоьду).

Черси. Г1арбек, бисмил даккхахь!

Г1айрбек. Бисмиллах1ирохьманирохьийми! Дала эша ма йойла йуъург бусалбана а, керстана а, чохь са мел долучу х1умана!


(Х1ума а йууш, къамел до)


Г1айрбек. Черси, т1аккха дийцахьа, Йуьртада волучохь шаьш гулдича, х1ун дийцира аша, х1ун ч1аг1о йира?

Черси. Вайна орцаха ваьлла, Делан къинхетамца, вайн мехка муфти волу Ахьмад-хьаьжа Кадыров.

Г1арбек. Суна а ма хезина радиочухула Ахьмад-хьаьжа ваьлла бохуш… Ц1ена бусалба стаге бен сацалура болуш т1ом бац х1ара!

Черси. Вайн къам кхачийна чекхдалале сацо беза т1ом боху муфтийс. Ахьмад-хьаьжас аьлла боху: ша т1ом сацабан веъна вац — ша и т1ом чекхбаккха веъна ву, кхин и вайн махка бухабог1ура боцуш цкъа а!

Г1айрбек. Черси, ткъа и Ахьмад-хьаьжа оьрсашка аг1ора ваьлла ма боху!

Черси. Ахьмад-хьаьжа цхьанне аг1ора а ца ваьлла: шен нохчийн къомана аг1ора хилла и даима. Нохчийн халкъо харжа беза некъ — шен лазамца, лаъамца, 1алашонца бог1уш, боху Ахьмад-хьаьжас, и къомо хаьржина некъ — шен некъ бу а боху!

Адам. Цо муха хоттур ду къоме?

Г1айрбек. Адам, ма акха стаг ву хьо! Харжамаш бичахьана долуш дац и? Бакъ луьй со, Черси?

Черси. Бакъ боху!

Г1айрбек. Т1ом сацо безар-кха х1уъу а дина а!

Адам. Ша тоьлура воцу т1ом, бита беза аьлла вайн дайша!

Черси. Аьлла дера! Оцу кицанах лаьцна аса цхьа х1ума дийций шуна: «Оьрсийн эскаран куьйгалхо, инарла Галафеев хилла 1840 шарахь нохчий къарбан, оцу хенахь инзаре доккха эскар 3,500 салтий, 14 йоккха топ а йолуш шайца, чу вог1уш. Органца хьала иттех йурт а йагийна, Нана Гихта йохийна, йалта дагийна, стоьмийн дитташ дагаршца охьааьттачул т1аьхьа, Валарг хинна т1е кхаьчча иинарла. М. Лермонтовн „Аса хьоьга йаздо, иштта йаздархьама…“ ц1е йолу байт бахьана долуш дукха дика вайна девзаш ду и т1аман тасадалар.»

Г1айрбек. Х1аъ, цхьаболучара «Валарг» а олу оцу Лермонтован байтах!

Адам. Иза а хьо филологи хиларе терра бохий ахьа? (Велало)

Черси. «Оцу Валарг-хи т1ехь шен эскарана дуьхьало йан кечбелла нохчий бу аьлла, хьалха бевллачу г1алг1азкхийн г1аролаша шена т1е хаъам беъча, М. Лермонтовга хаьттина боху инарла Галафеевс:

— Поручик, хьан «доттаг1алла» ма дара оцу азиаташца. Церан ду боху кица: «Ша тоьлура воцу т1ом, бита беза!». Ткъа х1окху нохчийн махкахь уьш шаьш ма бу, йаккхийн тоьпашна, шаьлтанашца чу уьдуш, т1аман к1ура эккхийтина бохкуш!

— Хьан лакхаралла! Хьан аьтто бу-кх, айхьа хатта царех цхьана (ца вешаш) «азиате», — жоп делла М. Лермонтовс.

— Оьрсийн мотт хаьа цунна? Хьа т1е валавел иза!

— Т1евалаван а ца оьшу, х1ара суна уллохь говрана т1ехь вог1ург ву-кх нохчо, «Галуб» йу цуьнан ц1е, «хьан лакхаралла!» — гайтина Лермонтовс нохчо.

— Хьажахьа, дукхавахарг…, (батт саттош) аьлча а… адам…, шун кица дуй и: «Ша тоьлура воцу, т1ом битар бен дарба дац!»? Ткъа и шайн кица х1унда ца лору аша шаьш а, оццул доккха эскар т1едог1уш долушехь, т1ом х1унда «ца буьту» аша? Х1ара «Жима Нохчийчоь» 3 эзар т1емло гулван аьтто болуш а ца хилла цкъа а. Ткъа тахана тхуна дуьхьала вала и 3 эзар а вац! Шун шаболу динбереш т1аьхьа а баьхна, шун Шемал ма вахана, суьйлийн йарташ къар йан дагахь! Ткъа «динбереш» шун коьрта т1емлой ма бу, уггар дукха а бу!

— «Ша къонах воцучунна — шаболу т1ом а бу, бита безаш!» — доцца жоп делла нохчийчо.»

Адам. «Галуб» — нохчийн ц1е йу олуш ца хезна суна.

Г1айрбек. Аса, со филолог хиларе терра эра ду хьоьга, лерамен Адам!

Черси. (Черси велало)

Г1айрбек. Оьрсаша шайн аг1ора йерзийна йоккху и ц1е: «Галаб» — хилан мега и нохчийн кепехь. Х1инца к1езига йисина, ц1ена нохчийн ц1ераш: Европера, туркойн, 1арбойн махкара ц1ераш йу дукхаха йерш вай боккхачу безамца нохчийн берашна туьхкуш! Б1еннаш нохчийн ц1ераш йицйина вайн къамо! Вайн дайн 1едал а дицдина вай: х1ора воьъалг1ачу к1ентий, к1антана — шен ден, ден ц1е тиллан декхарелахь ву нохчо, ша нохчо велахь! Вай-м и дицдина ца 1аш, вайн ах мотт а бицбина! Терахьаш нохчийн маттахь олуш дац вайн наха! Орца даккха дезаш ду-кха нохчийн мотт ца байта!

Черси. Делахьа, доттаг1ий, оцу Галабас аьллачун ойла йан йезара, б1е шо хьалха аьлла и делахь а.

Адам. Т1ом бита, к1ура бе бохий ахьа, Черси? (бегаш беш велало)

Черси. Т1ом х1инцца бен болалуш а бац, нохчийн къомана шен машарехьа болу т1ом. Ткъа нохчийн къоман машарехьа къийсам кхайкхош волчу Ахьмад-хьаьжина накъостий оьшу! Вай буьтура бац т1ом, вайн къам машаре кхаччалца, Дала мукъалахь!

Г1айрбек. «Къонах воцучунна — шаболу т1ом а бу, бита безаш!» — нийса аьлла ду и Галабас.

Черси. Цкъа милицехь аттестацех чекх а девлла, вайн даржаш схьа а лаьцна, т1аккха къомана харжамашкахь дакъа лаца деза. Вайна дуьхьало йийра йолуш бу, кхечу пачхьалкхара т1ебаьхкинарш а, оьрсийн йукъера «т1еман парти» олуш болу нах. Мартанан к1ошт йистехь латта йиш йолуш йац х1окху къийсамехь. Нохчийнчоь х1окху дуьнена т1ера д1айала йиш йолуш йурт йац, лулахой кхарда а беш!

Г1айрабек. Дела орцаха волийла вайн Нохчийчоьнна нийса некъ хоржуш!

Черси. Нохчийн къоме бен и нийса некъ хаттан къам дац вайна! Ахьмад-хьаьжас а боху и — нохчийн къоме хатта вай цкъа мукъне а! Цунна х1ун лаьа, цунна х1ун оьшу!

Адам. Ткъа вай х1ун до т1аккха? Соьлжа-г1ала доьлхий вай?

Черси. Соьлж-г1ала а г1ура ду кестта. Амма г1ура дац къайлаха-м, оьрсийн эскаран блокпосташна йуккъехула девлла, х1окху мехкан дай санна г1ура ду!

Адам. И муха хир ду? Хьуна хьайн герзах атоман бомба таръелла моьтту суна.

Черси. (Схьа а доккхий шен кисанара удостоверени гойту) Аса тахана схьаэцна!

Г1айрбек. И х1ун бохург ду?

Черси. Г1айрбек, хьо а, Адам а, вай массо а милици балха духа доьлху. Г1айрбек, хьо милицин капитан хилар, диц ма ца дина ахьа? Адам, хьо а эпсар вац? Оцу т1ера д1аболора бу вай къийсам, вайн къам х1окху т1еман балера к1елхьара даккхаран къийсам. Халкъан харжамашка хьаьжжина къастор бу-кх вай а вайн некъ.

Адам. И ч1ог1а нийса хир ду! Т1аккха со-м реза ву, кхана вахана милици балха д1ах1отта. Черси г1о дийриг хир ду-кх ахьа?

2-г1а сурт

(2000 ШО 1ашхой-Мартанан РОВД. Т1ехь телефон а лаьтташ истол, истола т1ехь Г1айрбек, Черси а, Адам а уллохь.)


Адам. Ша тоьлура воцу т1ом бита, аьлла бохура ахьа Черси? Къонахчунна тоьлура воцуш т1ом бац…

Черси. Къонахчунна тоьлура воцуш т1ом бац, амма дериг а къам х1аллакдеш и т1ом белахь, оцу къонахчо ойла йан йеза, ша и т1ом шен къоман дуьхьа беш бу йа бац!

Г1айрбек. Валлай, вайна йуккъехь хилла а ца 1аш, вайн лулара вежарийн къаьмнашна йуккъера нах а бу вайца къизалло латтош, т1ом бижа ца буьтуш. Гаджиев бохуш цхьа эпсар ву боху, ца оьшуш йолу къизало латтош.

Черси. И мила ву, х1ун дина цо?

Г1айрбек. Т1емлоша нехан керта а лелхий, салташна дуьхьало йеш герз тоьхча, оцу мискачу нехан г1ишло оьккхийту боху цуьнан салташа. Оцу кертара адмашка и т1емлой а совцалур бац, и эпсар а сацалур вац, шен салташца цхьана.

Адам. Эвла йистехь селхана эккхийтинчу БТР-ана талламаш лелош ву боху и тахана а. Цхьа харцо ма лелайахьара цуьна салташа цигахь.

Черси. И мила ву Гаджиев, оьрсийн ц1е ма йац и.

Адам. Ца хаьа г1ажаройх велахь а, суьйлех велахь а цхьаъ ву-кх и.

(Телефонан зар-зар йека)

Г1айрбек. (Телефон схьаоьцу) Алло! Ладуг1уш ву, 1ашхой-Мартанан РОВД капитан Марзоев.

Телефонан чуьра АЗ. Оцу вайн РОВД-хь тхуна орцаха вала йиш йолуш стагга а вуй?

Адам. Х1ун хилла цигахь?

Телефонан чуьра АЗ. Тхан лулахойн ц1енона эккхарг а йиллина, и эккхийта г1ерташ салтий а бу… и цхьа 1аьржа полковник а ву.

Черси. (Г1айрбекера телефон схьаоьцу) Схьалохьа, Г1айрбек. (Телефона чу) И ц1ено х1унда оьккхийтуш ду цара? Новкъайукъехь дина-м дац и?

Телефонан чуьра АЗ. Дац дера… Оцу ц1ийнан уьйт1ара схьадог1уш серий карийна салташна. БТР эккхарна бехке и серий ду боху цара. Ткъа оцу кертахь 1аш нах бац… т1амах бевдда бахана Г1алг1айн махкахь бу уьш. Ахьмад-хьаьжас омра а дина, уьш ц1абалабан т1аьхьа автобусаш а йахийтина, х1окху деношкахь ц1абахка безаш бу уьш. Ц1абаьхкича уьш стенга баха беза, х1окхара церан ц1ено эккхийтача! Ц1ено стенна бехке ду?

Черси. Тхо х1инцца д1адог1у, тхо д1акхаччалца собар де ала цаьрга! Мичхьа ду и ц1ено?

Телефонан чуьра АЗ. Бумата боьдучу новкъахь!

Черси. К1ентий, сиха лелалаш!

(Черси, Г1айрбек, Адам сиха аралелха. Машен хьалалеташ г1овг1а хеза, д1аэккхаш)

3-г1а сурт.

(ЭКРАН ц1енон сурт. Хьалхахь г1анта т1ехь 1аш полковник Гейдар Гаджиев ву.)


Гаджиев. (Шен салташка мохь хьоькхуш ву) Лейт1енант, д1абахийта салташка оцу ц1енона уллора нохчий! Ца хеза хьуна!

Лейтенантан АЗ. Уьш д1а ца бовлу! 1ашхой-Мартанан РОВД-ра кхуза бог1уш милиционераш бу боху! Салташка герз тохийтий аса х1окхарна?

Гаджиев. Ма тохийта герз! Ц1ено эккхийта, шаьш уллора д1а а довлий!

(Сиха йог1учу машенан г1овг1а. Соцучу машенан тормозийн г1овг1а) (Гучуволу Черси, Г1айрбек, Адам)

Гаджиев. Шу муьлш ду! Шуна хьалха полковник ву! Б1арзделла-м дац шу!

Черси. Шу х1ун да г1ерташ ду х1окху ц1енна кхо гуо а бина! Ц1е а тайпа тукхам, къам а долуш адам дуй хьо?

Гаджиев. Аса х1инцца салтий схьа а кхайкхина уппада довллалца йоьттийтура йу-кх шуна! Эпсарий духар а дуьйхичи къонах хуьлу моьтту шуна! Мила кхераван даьхкина шу! (Лейтенанте) Лейтенант! Х1ара нах суна т1е х1унда бахкийтина ахьа!

Адам. (Черсига) Черси, оцу лейтенантига аса цхьа-ши дош олу!

Черси. Дуьхьала дош алахь, схьавалаве иза а кхузза, вай т1араш а тухуш, хелха воккхура ву и лейтенант а, х1ара 1аш верг а!

Гаджиев. Хьан дай а ца баьхьана Шемалига а, цуьнан къоман нахе а, дош ала! Хьо а…

Черси. Сан дайша вина ву Шемалах Шемал! Хьо суьйле волучух тера ду! Хьан дай къонахий хилла, нохчашна улло а х1иттина шайн ц1е х1окху дуьненна а йовзийтина цара! Ткъа хьо тхан вежаршах суьйлех стаг вац! Хьо стаг ванне а вац, хьайн къоман сий бехдеш воллу хьо!

Гаджиев. Лейтенант! И ц1ено х1инца а х1унда ца эккхийтина! (Ладуг1у. Лейтенант дуьхьала вист хуьлуш вац)

Черси. (Схьайоккхий тапча полковникан уккал чу та1айо) Хьо стаг а ву хьуна, хьо боьрша а ву хьуна, ахьа кхин цкъа и омра лейтенанте дахь! Ца хеза суна! Ца хеза! Сан ц1е Черси йу хьуна, дагахь латтайелахь! 1ашхой-Мартанан к1оштехь 1аш къонахий бу хьуна, йеригге а Нохчийчохь а, Г1алг1айчохь а санна!

4-г1а сурт.

Мостаг1ий тебаш бу, т1ема г1ирсаша зевне,

Мартан к1ошт шаьш сийсош, т1елата девне.

Нохчийчоь, хьуна ма эшабе цкъа а

Йахь йолу мартанхой бухатоха бала


Т1аьххьара и бода, 1ожаллин г1оьнча,

Т1ег1ерта ша кховдош и герзаш сонта.

Махкана, йуьртана т1екхаьчча бала,

К1ант кийча ша веца, орцаха вала.


(2000 ШО ЭКРАН Милицин отдел СУРТ. Адам ву, милицин духар а долуш, истолан т1ехь телефона чухула къамел деш.)


Адам. Амаров Адам, милицин капитан, ладуг1уш ву! Хьо мила ву?

Иванов. (телефона чухула хеза АЗ) Лейтенант Иванов ву со, Даламукъалахь…

Леча. Кхийтира со, ткъа х1ун оьшура хьуна, лейтенант?

Иванов. Подполковник Гатаев Черси хьан доттаг1 ма ву? Вуй?

Адам. Ву дера, ишколехь дуьйна доттаг1ий ду тхо.

Иванов. Сихха схьаван йиш хира йарий хьан кхуза?

Адам. Йац дера, лакхарчу лейтенантан Берзигов Ахьмадан метта, цо дехар дина, дежурни 1аш ву со. Черсина х1ун дина, боху ахьа?

Иванов. Гатаев Черсина х1ума дан хала ду… Шун подполковник… Черсис шина салтийчунна г1иба валлалца йиттина… х1инца, схьахетарехь, т1е мийраш бетташ а ву…

Адам. Х1а-а! Иза-м и дийра долуш ву хьуна делахь! Жима волуш ишколехь хийла суна а кхетара цуьнгара йог1ий х1ума. Со а вацара вухаволуш-м… делахь а… Амма и къарвалуш дийна ишколехь цхьа к1ант вацара!

Иванов. Хьажахьа капитан, х1ара Гатаев Черси ишколехь волуш дуьйна хьераваьлла ву олуш вацара?

Адам. Деллахьа ца хаьа-кх, кхин лоьраша т1еч1аг1деш х1ума-м дацара.

Иванов. Хьажахьа, х1ара, билгала хьераваьлла ву, вац ца хуъущ волу, подполковник Гатаев Черси, х1ара ши салтий вийна воллуш-м лаьтта хьуна!

Адам. Шиъ бен вуй и салтий?

Иванов. Шиъ бен вац цкъачунна, со кабинетана чухула дог1а д1а а тоьхна 1аш ву.

Адам. Салтий шиъ бен вацахь, и-м доккха х1ума дац.

Иванов. Ва-м х1инццалца шиъ капитан вара уьш, х1инца-м оцу подполковника Гатаев Черсис салтий бина царах.

Адам. Ткъа дан х1ун дина оцу шина капитанас… салташа?

Иванов. Суна-м ца хаьа… Цхьа жима стаг, нохчо, валийнера кхузара салташа, БТР-рана т1ехь. Цо дере дан ца туьгура тхуна…

Адам. Стенна дере ца дора оцу жимачу стага?

Иванов. Ца хаьа, оха кхаамо шен шайолу цергаш охьааьтча а, ша «т1емло» хилар дере ца дора-кх! Берза к1еза санна дуьхьала ваьллера! Шен куьйг кагдича а, къар ца лора и-м.

Адам. Ткъа шуна стенгара хаьара и к1ант «т1емло» вуй?

Иванов. Бумтара валийна ма ву и! «Т1емло» ца хила йиш йац и! Ткъа подполковникас Черси Гатаевс и к1ант шена вевзаш ву боху. Шеца аьрмехь цхьаьна хиллачу накъостан к1ант ву боху-кх.

Адам. Иванов, хьан кабинетан дог1а ч1ог1а дуй?

Иванов. Дац… Г1о оьшура суна а…

Адам. Х1инцца со д1авог1у хьуна… Хьо ву-вац а ца хоийтуш, «тап!» аьлла 1елахь. Аса дийра ду хьуна а цхьажимма г1о!

Иванов. Сиха вог1ий хьо, капитан…

Адам. Дера вог1у и дарц хьийзо шийла мох санна-м! Ког лаьттаха ца кхеташ!

(Адам сиха араволу)

5-г1а сурт

ЭКРАН СУРТ (Чувог1у Адам, Черси, Г1айрбек)


Черси. Ванах! Хьо хьера-м ца ваьлла, ва Адам! И х1ун дара ахьа оцу Ивановна динарг? Дап-дип-дап! Дап-дип… Т1ера а ца ваккхалуш…

Адам. Оцу Ивановс-м хьо ву бохура хьераваьлла… Шина капитанах ши салтий а вина воллуш!

Уьш хьох к1елхьара баха кхойкхуш ма вара иза соьга. И Иванов а ма хилла оцу Бумтара к1антана бехк боцуш йетташ.

Черси. Боккъала а бохий ахьа! (Д1авада г1урту)

Г1айрбек. (Д1авада г1ерташ волу Черси халла сацаво) К1ентий, шу-м дика ларалуш ма ду! Со эцца Соьлжа-г1ала а вахана вуха ван кхиале, аша-м дика ловзар х1оттийна х1окху отделехь!

Адам. Со-м кхин а цхьажимма бохь буг1ура болуш вара. Х1окху Черсис тоьура ду ца аьллехьара. Ша-м хелха вуьйлуш ву, саца а ца хууш.

Г1айрбек. Ахьмад-хьаьжа Нохчийнчохь куьйгалхо х1отталца, шайна леладан мегара долу х1уманаш, х1инца а шайн чекхдера ду моьттуш бу х1ара цхьаболу Делан мостаг1ий! Шайн оьрсийн эпсарша а, хиллачух шаьш аса кхетийча, уьш суде лура бу шаьш, аьлла ч1аг1о йина. Машаре бирзина болу «т1емлой» а, ц1аберза реза хир бац, иштта оьрсаша делахь а, вайнчара делахь а иштта та1азараш лелийча. Ткъа Ахмад-хьаьжас «т1емлошка» ша ч1аг1о йо, машарен некъе вирзина «т1емло», куьйг мукъа вита, аьлла бина болу кхайкхам эрна хуьлийту оцу Делан мостаг1аша.

Черси. Т1аккха, х1ун ду Соьлжа-г1алахь? Ахьмад-хьаьжехь х1ун хьал ду? Митингехь герз тоха г1оьртина ма боху цунна.

Г1айрбек. Делан къинхетам хьалха баьлла дийна висина Ахьмад-хьаьжа. Ларцало и, къонаха стаг ву! Мостаг1ий дукха бу, оцу т1амах пайда оьцуш оьрсийн «т1аман парти» а, т1аман ц1аро багийна, дарбина т1емлой а! Далла хастам бу, х1ара хьал жимма толуш доллу. Чуьра аравала а йиш йоцуш дукха шераш текхира вай.

Черси. Селхана а, тахана а Сипсо-г1алара а, Несарера а дукха, т1амах бевдда бахана вайн йуьртахой а, 1ашхой-Мартана к1оштера а, нах ц1абирзина. Ахьмад-хьаьжас шен куьйгаллийца автобусаш а луш, ц1акхуьйлаш бу нах. Тахана вайн къомана оьшуш берг машар буй, ца кхета дукха нохчий! Къолам буйна а боьллина къийса деза х1окху заманахь! Къам даима а нийса ду, хьайн къомо мухха а некъ харжахь а, хьайн къомах д1а ма хада, аьлла ду вайн дайша!

Г1айрбек. Дуьненачохь ваха-м хьаха дац атта!

Черси. Вайн дахар, вайга хьаьжжина мах болуш ду. Вай х1окху дуьненахь дан кхиъинарг ду-кх вайн дахар а! Цхьаверг б1е шарахь веха, дуьнена чохь ву, вац а ца хууш. Кхинарг, шен 18 шо а кхачале, дуьнена вовза а кхуьуш д1авоьду! Ханпаша…

Г1айрбек. Ткъа вайн йуьртахо, «командор Андре» олуш хилла, 1алавди Устарханов. Францин турпалхо! Къонахчуьна сий ца дойъу къамо, илли дой а дуьту цо къонахчуьна сий т1аьхьенна!

Адам. Х1айт йа1! Цхьа дуьне ду-кх х1ара! Вайн дайх а дисина! Вайх а дуьсура ду! Иштта цхьа бал а боккхуш даъан деза х1ара!

Черси. Ахьа Ивановца баьккхина бал, таханенна тоьура бац!

Адам. Моьттура дац, Черси, хьо соьга хьоьжуш лаьттина, хелхаран бал а ца боккхуш. Хьоьга и пекъар Иванов вен ца вейта орцаха веъна ма вара со.

Г1айрбек. (воьлуш ву) Эйт! Цхьа к1ентий бу-кх сан доттаг1ий! Шуьца х1окху дуьненачохь цхьана вахар ду-кх ирс!

Адам. Д1адовлийша, дош дац х1ара… д1авоьду со.

Г1айрбек. Собарде, г1ундалг1аш т1ейовлалца собар де.

Адам. Х1унда деш ду аса собар, г1ундалг1аш т1ейовлалца?

Г1арбек. Хьо стенга вахана хаийта! (Велало)

5-г1а сурт

2004 ШО. ЭКРАН. ОТДЕЛАН СУРТ (Телефон. Адам истолана уллохула д1асалелаш ву)


Адам. (багаха цхьа зурма а лоькхуш) (телефон йека) Адам ву. Капитан Адам Умаров. Х1ун хилла цигахь?

Ишколан директор. (Хезаш ду Аз) Дика ца хеза суна хьо… муха бохура ахьа… майор?

Адам. Цкъачунна капитан ву, хьуна лаъахь майор а хила реза-м ву со.

Директор. Со Керлачу Шаран ишколан директор ву. Тхан электроподстанци йу боху йохийна. Ток йац ишколехь а, йуьртахь а… Хезий шуна…

Адам. Дика ду… кхийтира со… Аса электрикашка хоийтура ду… (телефон охьайуьллу). (ша шега) Ой, и х1ун дара? Майор Умаров! Мегар ду, со-м дуьхьала вац. Хан а т1екхаьчна, алапа а т1екхетара ду!

Г1арбек. (чу вог1у) Ассаламу 1алайкум! Адам, хьо хьаьнца къамел деш ву? Джинашца тайна-м вац хьо?

Адам. Ва 1алайкум салам! Г1айрбек, алахьа бакъдерг, майоран погонаш муха хир йара сан х1окху турпалчу белшашна т1ехь?

Г1айрбек. Дера хир йара ша и аьттехь нуьйра санна. (велало)

Адам. Г1айрбек, хьуна-м оцу хьан доттаг1чо Черсис ах шо хьалха йалийтина и майор ц1е. Суна ма ца йолийту аша шимма а, цхьана т1евирзина.

Г1айрбек. Аса къевлаха олу хьоьга… (д1аса а хьожуш) Хьуна т1едог1учу к1ирандийнахь лур йу боху ц1е…

Адам. Ахьа боккъала бохий!

Г1айрбек. Х1ун ц1е йу, х1унда ца хотту ахьа?

Адам. И хатта кхераме хета суна.

Г1айрбек. Бакъ хета кхераме. Хьуна, ахьа багайиттича цхьанна а луш йелахьара, инарла ц1е лур йара!

Адам. Дера ву хьо а ледара доттаг1.

Черси. (чувог1у сиха) К1ентий, вай гинерий… Со шуьга х1умма а алан дезаш варий?

Адам. Хьанна хаьа, хьох х1ун къайленаш йохку.

Черси. (д1аваха д1аволало) Х1а-а! Шуьга х1ун ала г1ерта, дагадеира суна. Х1ан, Адам, д1алаца!

Адам. Х1ун йу и? Целофанан пакета йуккъе хьарчийна ма йу уьш. Помидораш-м хирг хира ма йац уьш!

Черси. Хьайаста, гура йу хьуна.

Адам. (дукха д1ахьарчийна пакет халла схьайосту) Эх1, дера вара со селхана 1уьйрана дуьйна аьтто куьйган керайукъ к1амлуш!

Г1арбек. Х1у йу и, ва Адам? Бос хийца ма бели хьан ца моьттучу кепехь.

Адам. (схьагойту майоран погонаш) Дера йу, хьуна ца йог1уш, ах шо хьалха йелла майоран погонаш!

Г1айрбек. Хенахь-м ца хили хьох вуьззина къонах! Дала декъала йойла хьан и погонаш! Цхьа х1ума-м ду!

Адам. Х1ун ду и, лерамен Г1айрбек?

Г1айрбек. Хьоьгахь и капитанан погонаш а вон ца хетара! Делахь а хьо, дуьненчу волушехь хилла гвардин майор ц1е йолуш!

Адам. К1ентий, кхана со волучохь гуллуш ду вай!

Черси. Мегар ду. Дала декъала йойла погонаш!

Адам. Эх1, оцу электрикашка телефон тоха дицдели-кх суна и шун погонаш бахьана долуш.

Г1айрбек. «Шун» ма боху ахьа! Х1инца хьан йу уьш, лаъахь а, ца лаъахь а лелон йезаш а йу!

Черси. Х1ун хилла тухуш йара ахьа телефон электрикашка, Адам?

Адам. Керлачу Шарахь подстанци йохийна боху цхьамма. Ишколан директор вара телефон йетташ.

Черси. Мегар ду, со оьшуш хилахь, хоийтура аша. (д1аволало)

Адам. (телефон а тухий, сиха) Черси! Д1а ма г1олахь.

Черси. Х1ун боху ахьа, Адам?

Адам. Оцу электрикаша боху… шаьш цига дахан даьхьара дац.

Черси. Деллахьа ма дукха г1уллакхаш дара сан, тахана чекхдаха дезаш. Со суо г1ура ву со цига. Машен кийча хилийта алахьа, Адам, телефон а тохий водителга.

Адам. Г1ура вац, хьайца со а воцуш! Оцу Керлачу Шарахь, хьуьнхахь «т1емлой» хаъабелла х1окху деношкахь. З1е лаьцна лаьтташ эскархой а бу цигахь.

Г1арбек. Со а вог1у шуьца.

Черси. Шуьца къийсар эрна ду! Кечам бе т1аккха. Герз схьаэца. Со х1инцца волу шуна, Берзигов Ахьмадийга цхьа-ши кехат д1а а делла, Соьлжа-г1ала д1ахьажадайта.

7-г1а сурт

(ЭКРАН. Хьуьна йистан сурт. Соцучу машенан г1овг1а. Гучуволу Черси, Адам, Г1айрбек)


Адам. Делахьа ма хаза меттиг йу х1ара Керла Шаро, х1окху хьуьнан мах бац!

Г1айрбек. Вайн мохк шабериг а бу хаза. Цундела марзбелла хилла кхуза монголаш а, Астаг1а Темар а! Х1окху меттехь, х1инца Керла Шаро лаьттичу меттехь, 1асса хин йисттехь боккха т1ом хилла нохчийн Астаг1а Темаран ордангийца а.

Черси. Ларлуш хилалаш, к1ентий! Олхазарш декаш хезаш дац! Герз кийча хилийталаш!

Адам. (хьуьна йуккъе чу) Х1ей! Хезий шуна! Герзаца бегаш ма белаш, цкъа даьккхина 1уьрг, д1атега хала хуьлу!

Черси. Адам, Г1айрбек, ма тохалаш герз, нохчий бу оцу хьуьна йуккъехь! Вай Соьлжа-г1алара схьадог1уш вайна дуьхьала нисвелла ши нохчий дагавог1ий шуна? Вай х1инца церан меттехь ду моьтту суна!

Г1айрбек. Вайна т1ехьа д1алачкъа меттиг бац! Машена т1ехьа хьулдала деза вай! Тешам бац царах! Дикана тебаш бац уьш! Охьа мукъна лахлолаш!

Аз. (хьуьна йуккъера, ч1ог1а, буьрса) Шу вон даьхкина кхуза, к1ентий! Тхо оьрсийн ц1ий 1анон кечам бина 1аш дара! Шу шайна буха боьду некъ хадийна кхечи кхуза! Тхуна бен а дац: оьрсийн салтий а, шу а — церан хьадалчаш хилла лелаш долу!

Черси. К1ентий, шу жимма тилделла! Шух кхоьруш делахьара, тхо кхуза кхочура дацара! Шуна дезахь, дов дийр ду вай! Амма вай дехьара делахь а, сехьара делахь а ц1ий цхьаъ ду — нохчийн ц1ий! Тхо нохчийн къомана машар лоьхуш арадевлла ду! Нохчийн къам дуьненачуьра дайна д1адолуш лаьтта, х1ара т1емш бахьана! Сан ц1е Черси йу! Аса тахана ч1аг1о йо, нохчочунна герз кхуссура дац айса, аьлла! Шаьш нохчий делахь, аша а йе иштта ч1аг1о! Нохчаша иштта ч1аг1о йича, х! уттура бу Нана Нохчийчохь машар! Шаьш къонахий хилар тешала деш, шайн йаххьаш гайта! (Черси дийнна дег1 нисдеш хьалаг1отту).

(Хьуьна йуккъера герз долу. Черси охьавоьду)

(Г1айрбекас, Лечас герз детта доладо дуьхьала!)

8-г1а сурт

(ЭКРАН. МАЖИН КЕТ1Е СУРТ. Мажа йу кет1ахь хьоьжуш лаьтташ. Бесира а йу

дехьахьо шайн уьйт1ахь цхьацца г1улакхаш деш)


Мажа. Бесира, и г1уллакхаш цкъа а кхачалуш дац-кх хьан. Ма дика зуда йу хьо, и куьйгаш соцуш дац хьан денна дохала.

Бесира. Ва, Мажа, со-м иштта ахьа санна массо а т1ехбовлучаьрга «ма дика зуда йу-кх и Бесира!» алийта г1ертий. Мажа, хьо хьуо а йу дика ларалуш, бакъ дериг дийцича, хьайн дахар Черсина д1аделла, и ц1а ван ларвеш д1айоьду хьан шайолу хан. Бакъдерг дийцича, Черсига кхочуш муьлхха а к1ант хир вац! И санна волчу к1анте хьежа а мегар ду. Х1инца шен х1усама а, бераш долуш 1аш ма ву Черси, т1аккха а хьоьжучура дог ца соцу-кх хьан.

Мажа. Деллахьа, Бесира, х1ара дийнна к1ира ду сан дог карзаха даьлла лозуш долу. Х1ун ду а ца хаьа, сийсара набаран суй бина бац аса, цхьа тамашена г1ан а гина самайаьлла.

Бесира. Далий, маликаший дикана дойла! Дийцахьа, ва Мажа, дийцича х1ума дайло, олу вайн наха. Самагаттаде ахьа, хьан к1ант Черси вай йуьрто хилла ца 1аш, беригге а вайн махко а лоруш къонах ву!

Мажа. Дела реза хуьлда, Бесира! Делахьа тамашена г1ан дара и. Нана, со нахана гур ву бохуш, ахьа хьайна мара ца оьккхийту дела, цхьанне а ца гучохь, г1енаха хьо марайолла веъна со, аьлла, со къевлина мара а йоьллина, д1авахара Черси, вела а къежаш, шен дашо месаш малхехь лепа а йеш.

Бесира. Ирс долчу стеган а, зудчуьна а хуьлу олу хьаьрса бос болуш месаш. Хьан к1ант а ву ша и малх санна лепаш! Дала диканца доькхийла хьан г1ан, Мажа!

Мажа. Дела реза хуьлда хьуна, Бесира! Хьо йацахьара йиш йан а дера йацара!

Бесира. Дера вайшиъ цхьана хьалакхиъна ши лулахо ма йу, вовшен ца хилича йиш а йоцуш!

Мажа. Эх1! Ма тохадели сан дог! Йа Аллах1, Дела! Къинхетам белахь!

Бесира. (улло йог1у) Ва Мажа, иштта шен садаан мегара ма дац. Черси мичхьа меттехь ларалура волуш, борз санна майра къонах ма ву!

Мажа. И ду-кха аса сагаттадеш дерг а! Шен са кхоъора долуш вац и нехан дуьхьа, накъостийн дуьхьа! Хала хан ма йу вайна гонаха хьийзаш, буьрса зама йу! Ткъа сан Черси т1емло ма ву! Эпсар ма ву…


(Геннара улло йог1учу машенан г1овг1а а, г1ийла олуш йолу назма а хеза) (Кет1а вог1у Г1айрбекий, Адам)


Г1айрбек. Деца, Мажа, хьайн дог ч1аг1делахь, хьайн сина собар а дехалахь Деле! Тхо ирча кхаъ бохьуш даьхкина хьуна тахана! Къинт1ера йала тхуна, тхан ницкъа ца кхечи хьан турпала к1ант 1ожалах к1елхьара ваккха!

Адам. Деца, Мажа, тхойшиъ мелла а т1ебог1у бала байбан, хьалхаваьлла схьавеъна. Хьан доьнала долун дог тхуна дика девзаш ду! Ч1аг1делахь хьайн дог!

Мажа. (халла керт схьалоций, уллорчу г1анта т1е охьалахлой соцу, б1аьрхиш охьахьоду)

Бесира. (Йоьлху, Мажа мара а къуьйлуш)

Г1айрбек. Дог майра к1ант кхиийна хиллера ахьа, деца Мажа! Тахана хиллачу т1аман тасадаларехь, тхуна хьалха а ваьлла, шен са д1аделира Черсис, мостаг1чуьна, нохчочуьна са лара а деш!

Адам. Турпалачу к1ентан нана хиллера хьо, деца Мажа!

Г1айрбек. Оцу Везчу Дала декъала вина т1еоьцийла вайн Черси!

Адам. Везчу Дала декъала а, сийлахьа а войла Черси! Дала г1азот къобал дойла цуьнан!

ЧАККХЕ

       Х1инцлера мангалхой. (Сатирин пьеса)

                Дакъалоцурш:

Мусост — «Вайдаха» литжурналан коьрта редактор

Лисберг — редакторан г1оьнча, секретарь, нохчийн критик.

Дошсолт — прозин, поэзин редактор

Мусит — «Т1орказ» литжурналан коьрта редактор

Бухит — Муситан г1оьнча

Думалоева — «Т1урнене» литжурналан коьрта редактор

Ц1уналоева — Думалаеван г1оьнча.

Гуашов — нохчийн суьрташдахкархо.

1- сурт

Хьаькаман кабинет. Истолан уллохь кресло т1ехь 1аш Мусост ву. Байт кхуллуш ву цкъа ойла еш, т1аккха кехатана т1е д1аязъеш.

Мусост. (Тхевне воьрзуш)

Мусост. (Тхевне воьрзуш)

Ма къежахьа кхечу к1енташна,

Ма къежахьа…

Дера ма къежа, къежане а. Массарна а хьо къежаш хилча, хьо езарш дукха хир ма бу. И харцо ю! Цхьа йо1 цхьана к1антана бен йезийла дац. Ткъа цхьа йо1 массо а к1енташна езахь, иза-м кийчча дов ду. К1ентий вовшен карах белла д1абевлича бисинчу мехкарша х1ун дийр ду? Уьш-м маре баг1ан стаг а воцуш буьсур ма бу, ша и вайн республика топ ца кхуссуш яьккхина болчу бизнесхошка-саг1адоьхучаьрга ца г1ахь. О-о-о! Ма г1урт хуьлуш лаьтта х1окху сан байтах. Байт язъян а г1оьртина, дийнна философин трактат хуьлуш лаьтта х1окхунах-м. Со ву-кх бакъволу яздархо! Дала халкъана вазвина ваийтина…

Ма къежахьа…

(Хьалаэккхаш чухула д1асаволало, кисина куьйгаш а духкий. Ша шега)

Дера, дала вазвина ваийтинехь а, и «Халкъан яздархо» олу и еза ц1е-м атта ца ели суна оцу културан министрас. (Телефонан горгли бека. Мусостас шен кресло чу д1анислуш охьахууш лерге хьо телефон). Алле! Со ладуг1уш ву-кх. (жимма соцунг1а хуьлуш). И бохург х1ун ду? Мила ву? Со Мусост ву-кх. Республикан коьрта журналан уггаре коьрта редахтор! (Хьалаг1оттуш нислуш). Ой, шу даг1а могуш, маьрша! Т1аккха ткъа Москохахь х1ун ду? Ло-м ца дог1у цигахь? (Телефонан аппарат т1е куьг дуьллуш д1акъовлуш, ша-шега). Ас х1ун дуьйцу? Аьхкен юккъехь-м Москохахь а дог1ург хир ма дац ло. (Телефонна чу). Т1аккха, могуш 1ай шу? Зуда а, бераш а, лулахой… Х1аъ, аса-м сема ладуг1у. Къастадо аса-м, кхийтира со-м… хьо жима зуда хилар. Хьена секартар ю элира ахьа? Пачхьалкхан коьртачу литжурналан уггаре коьрта редахторан коьрта секартарий? Кхетош ду! (Ирахьаланислуш). Т1аккха, х1ун хьал ду пачхьалкхан коьртачу литжурналан коьрта редахторехь… зуда, бераш… (ахдош олуш юкъах волуш). Ладуг1уш ву со-м… Дийцал ахьа. Со д1аван оьшуш х1ума-м дац цигахь? (Телефон къовлуш, ша шега. Ойлане хуьлуш, ирх хьожуш) Во-м хир дацара цхьана баттана Москоха командировке ваг1ача. Кхин а дика хир дара суна цигахь йовхуо, шай-кай алсам хир йолуш болх-меттиг цара кховдийча. (Телефонан чу) Муха бохура ахьа? Оьрсийн матта даьккхина нохчийн яздархочун дийцарш оьшу шун пачхьалкхан коьрта литжурналана? Ой, дела я хьо могуш, маьрша! Сан ду-кх и нохчийн дийцарш дахьан меттиг а боцуш… (Ладуг1ий) Х1ан-х1а, кхин яздархой аьлла х1ума а дац тхан республикехь кхинарш-м. Царнна-м ларт1ехь ши дош вовшех таса а ца хаьа. Со ву-кх халкъан Дала вазвина… Аьлча а, халкъан яздархо, поэт, драматург, сценарист, публицист, журналист… (Ладуг1уш) Х1а? Х1ун? Тоьур дуй? Со х1инца а юккъе а ма ца ваьлла сайн хьунарш, говзаллаш, пох1манаш, даржаш дуьйцуш… (Ладуг1ий). Мегар ду… Ахьа бохург дер вайшимма… Ткъа хаза юй хьо?.. Бехк ма биллалахь, и ала ца г1ертара со… Мегар ду! Х1окху республикехь мел волчу жима а воккха а яздархойн дийцаршна юккъехь, кхайкхам а бина хаьржина, уггаре диканиш, тоьлланиш кхана д1атосур ду-кх оха шун пачхьалкхан коьртачу литжурналана ц1арах почтехула. (Ладуг1уш) Муха? Муха элира ахьа? Кхин цкъа а алахь. Ми-й-мейл? (Телефон куьйгаца д1акъовлуш. Ша-шега). И х1ун меймал ду цо дуьйцург? Х1умма а дац Люскина хуур ду и х1ун ду, иза ма ю 1уьргара дахка ларбеш 1ен цициг санна оцу компьютеран чу а йог1аелла 1аш даима а. Х1ун самукъадолу хаахьара оцу компьютерх! Телевизор чохь-м цхьацца суьрташ, кинош а гойтура. (Ц1еххьана меттавог1уш, телефон чу). Х1а-ах1? Х1ун? Мегар ду оцу ахь вуьйцучу Ми-меймалегахула а тосур ду оха сан дийцарш…, аьлча а, тхайн тоьллачех яздархочун дийцарш. (Ладуг1ий) 1одика… шун а… Маршалла… соьгара… шайн коьрта редахторе а, зудчуьнга… берашка… (Телефон охьаюьллуш, ша-шега реза воцуш). Хьажахьа, со цхьа-ши дош аьлла а валале охьакхоьсси-кх оцу г1амо и телепо! (Ойлане волуш). Дийцарш… Х1инца-м сан дийцарш пачхьалкхан коьртачу литжурналехь зорбане девр дара! Сан ц1е евзира ю х1инца Россе пачхьалкхан йист йоцучу массо а ме11ехь! Россехь вевзина а 1ийр вац, массо а дуьненчохь вевзира ву со! Пушкинан, Лермонтован, Толстойн а санна… лаккхарчу мог1анашкахь лаьтташ товш хир ю сан ц1е а! Э-х1е-е! Пушкин, ларлуш хир ву-кх хьо! Д1ата1алахь цхьажимма со ву хьуна вог1уш, Мусоста! Мусоста! Яздархошна а юккъехь эла Мусоста! (Ц1еххьана дагадог1уш. Не1 йоьллуш аракхойкху) Люся! Ва, Люся! Схьаядалахь сихонца! Х1а-х1? Дита хьайн шадолу г1уллакхаш а! Хьан х1ун г1уллакхаш хир дара цигахь! Схьа ядалахь сихха, дукхаяхарг! (Не1 д1акъовлуш вухавоьрзу).

Лисберг. (Тухленаш екаш хеза не1арна арахьа. Кестта ша а гучуйолу, не1 йоьллуш. Коьртахь йовлакхан аса, готта коч, лекха к1ажош т1ехь тухленаш) Х1ун боху ахьа, сэр, эла-редактор?

Мусост. Ой, хьо Дала д1аэцарг, адмийн маттахь йист хила мегаш яц хьо?

Лисберг. Ахьа даима а со Инетана чуяьлла йоллуш хи чуьра ч1ара санна озайой схьайоккху-кх со!

Мусост. Х1инццалца-м компьютер чохь хуьлуш ма яра хьо, х1инца кхин х1ун Джинет карийна хьуна чуялан?

Лисберг. Чатехь хьеший гулбина йоллура со-м.

Мусост. Люся!

Лисберг. Х1ун боху?

Мусост. Оцу чёртехь а ца гулбеш, шайн ц1ахь гулбехьа и хьеший!

Лисберг. Ой, ас ц1ахь муха гулбо дерриг дуьнера хьеший!

Мусост. И хьан г1уллакх ду! Хьуна ца хууш а и дагадаг1ахь, дерриг дуьне а шайн ц1а дерзор долуш-м яра хьо! Х1ан, дитал и эрна хабарш. Вайна хаза кхаъ кхаьчна.

Лисберг. (Самукъадолуш) Эх1! Хенахь-м ца кхечи и кхаъ. Мелла т1етухуш ду и?

Мусост. И бохург х1ун ду? Х1у ю ахьа т1етухуш ю бохург?

Лисберг. Муха х1ун? Хаза кхаъ кхаьчна ца боху ахьа? Алапа ду-кх!

Мусост. Ванах, Люся, оцу ахчанах ахьа х1ун до? Масех болх бу ахьа беш, нахана цхьаъ а ца кхочуш. Х1етта а тоьуш а дац хьуна и ахча.

Лисберг. Нахана дуьне даан ца хаьа. Хьаькимаш бовза беза, бовзарх а ца тоьу. Царнна кера х1ума кховдон хаа деза. Хьаькимаша болх боцуш ца вуьту шайна кисна х1ума йожош верг.

Мусост. Цо х1ун дуьйцу? Хьо-х яц хьайн кисанара кепек хьаькимана хьов, хьайн да леш валлахь, цунна а лур йолуш.

Лисберг. Сан сайн кеп ю оцу г1улкхана. Шедевраш язъйо шаьш бохуш кехаташ бехдеш дукха хьаькимаш бу, церан и «ц1ога доцу шедевраш» нахала яхар ч1ог1а ахчане болх хилла. (Мусост ша аьллачух кхета г1ерташ ойла еш а гой, куьйг ластош) Цунна-м т1аьхьа кхуьур вацара хьо. Иза дитахь. Мелла т1етухуш ду вайна алапа?

Мусост. Х1ан-х1а, алапа т1етухуш дац вайна. Кхинарг бу кхаъ.

Лисберг. Кхинарг-м кхаъ бацара, алапа т1етухуш дацахь.

Мусост. Люся. Хьо сан г1оьнча ю, амма со хьайга маре веъча санна хьайна луург бен деш яц-кх хьо! Вай делора ю ас хьо балхара д1айоккхур!

Лисберг. Хьан сийлалла, муьлхачу балхара йоккху ахьа со д1а? Сан и белхаш кхоъ-биъ ма бу?

Мусост. Ахь со дош ала вуьтуш вац. Со вер ву д1а х1ара болх шуна массарна а битина!

Лисберг. Ас-м олийта дош! Айхьа яздеш долу дийцарш санна ду-кх, ахьа олуш долу дош а. Алахьа, ч1ог1а а воллу хьо-м!

Мусост. Со кестта Москох-г1алахь нахалла вер волуш ву-кх.

Лисберг. Х1инца цигахь а бале валан воллу-кх хьо нахана.

Мусост. Бале-м вер вац, амма Пушкинан улло д1анисвалан дагахь-м ву со.

Лисберг. (Къинхетаме хьожуш). Муха? Хьо х1инца а къена ма вац. Хьайн зуда а, бераш а дитина… тхо а дитина д1авалан воллу хьо? Иза-м вон кхаъ ма бу! Ва-а, ах1и-и-и! (йелхан йолало).

Мусост. (Шегара мерах хьокху йовлакх кховдош) Люся… Лю-ю-ся! Ахь х1ун до, 1овдал! Иштта атта сох к1елхьара-м хьаха ца довлу шу. Сан дийцарш ду Москох-г1аларчу уггаре коьрта литжурнале д1адоьхуш. Со кестта Пушкин санна вевзаш хир ву, бохург дай сан-м и! Люся-я!

Лисберг. Со-м 1овдал хила а мега, амма Пушкинас нохчийн маттахь яздеш хиллий ца хиина суна-м х1инццалца.

Мусост. (Д1а, схьа а хьожуш, Люсина улло воьдуш) Люся!

Лисберг. Х1ун боху ахьа?

Мусост. Пушкинас нохчийн маттахь яздеш хиллий муха хиина хьуна?

Лисберг. Хьо Пушкинан улло д1нисвала г1ертадела хиина-кх. Хьо-м ма вац нохчийн маттахь бен яздан хууш.

Мусост. Бакъ лоь хьо, Люся. Цундела сан иттех дийцар кханалера де т1екхачале оьрсийн матта гочдан деза.

Лисберг. Иттех стенна деш ду гоч?

Мусост. Москохарчу коьрта литжурналехь зорба тохийта.

Лисберг. Ахь айхьа куьйгалла дечу «Вайдаха» литжурнале хьайна ма луъъу хьайн дийцарш зорбане дахарх, москохахь а иттех дийцар цхьана номерехь зорбане дохур ду моьтту хьуна?

Мусост. Э-э-х1! Уьш а хьаха бара сан куьйга к1елахь хила безаш! Ткъа масс дийцар дахьийта аса Москох?

Лисберг. Ахьа хьайнарш а доцуш, кхечу яздархойн дийцарш «Вайдаха» литжурналана т1е дукха тухий? Иштта тухург хир ду-кх Москохахь хьайнарш а.

Мусост. Сан произведенеш классика хир йолуш ю! Соьга кхочуш яздан 1емичхьана сайн журнале дохура ду аса оцу, яздархой ду шаьш, бохуш эрна кехат бехдеш болчу нехан дийцарш а!

Лисберг. Хьан произведенеш хестош статьяш язъеш со цхьаъ йоцург кхин стагга а хаавеллий хьуна? И ду-кх ахьа суна олуш долу баркал! Суна алапа т1е маца тухур долуш ду алахьа цулла а!

Мусост. Люська! Люся! Ахь х1ун до ц1ингаш кхуьйссуш. Хьо-х вайн нохчийн къоман уггар а тоьллачех критик ю, массарна а бале яьлла! Т1ехула т1е, аса тухуш ма дац алапа т1е. «Вайдаха» литжурнал республикан културан министерствос ахча луш арахоьцуш ма ду. Сан сайн долахь ма дац и!

Лисберг. Хьайн долахь дацахь «Сан журнал! Сан журнал!» — бохуш пачхьалкхан журнал сийсаз х1унда до ахь ткъа? Т1етоха суна алпа! Ас кхин язъйийр яц цхьа а статья хьан произведенеш хестош!

Мусост. Люся! (Воьхна д1асахьаьвза) Лисберг, дукхаяхарг, ма ваккхахь со нахала! Ас премиальни ахча яздийр ду хьуна!

Лисберг. (Б1аьргех хи д1адокуху кеп х1оттош) Мегар ду делахь. Виц ма лолахь! (Сонехь кхозучу куьзгана улло йоьдуш, муц1арна т1е басар-пудар хьакха йолало)

Мусост. Лисберг, Люся оцу сан иттех дийцарна х1ун до вай?

Лисберг. (Хьоькхуш долу басар-пудар ца сацош) Иттех ца оьшу. Цхьаъ, ца хуьлчу даьлча, шиъ дийцар г1еххьа хир ду.

Мусост. Эх1, ма харцо ю-кх оцу москохарчу литжурналаша вайна т1ехь латтош ерг. Баттахь цхьа дийцар бен цара зорбане ца даккхахь сан произведенеш маца евзина евра ю Россен йешархошна?

Лисберг. Ахьа хьайн журналана т1етухий кхечу яздархойн произведенеш шарахь цкъа а? Москохара журнала а тухург хир ю-кх хьан произведени иштта цхьана шарахь цкъа.

Мусост. Харцо! (Куьйгашца корта а лоцуш) Харцо!

Лисберг. Вайн республикера кхечу яздархошка а хаийтина диканарш къастош яхьийта езий-те произведенеш Москоха? Вайн къомана юьхь ларош, диканарш харжа езара уьш. Нийсо иштта ларлура яра вайга.

Мусост. Яздархой вайн къомана кхо-виъ бен вац, вуьш ловзарш лелош бу, кепекийн дуьхьа.

Лисберг. Ткъа хьан санна дукха гонорараш ма дац цхьана а яздархочун.

Мусост. Сан произведенеш дика ю!

Лисберг. Кхечу яздархойх къаьсташ, церачул дикалла, пох1малла совдяьлла х1ун произведении ю ахьа язъйина?

Мусост. (Реза воцуш куьйгаш д1аса а дохийтуш) Хьуна хаа деза-кх и, хьо яц сан критик?

Лисберг. Ахь премиальни шай-кай суна язъяллалца-м яц!

Мусост. (Велакъежа) Хьайн киснахь ларахь премиальни! (Велакъажар хадош) Х1ара, Люся, схьакхайкхал со волчу прозин редактор Дошсолтига.

Лисберг. Со кхин оьший хьуна? Инете г1ура яра-кха со.

Мусост. И мила ву Инет? Х1инца а ца г1ахь. Кхин цхьа шо далахь хьо оцу Инета а маре юьгур ю моьттуш-м вац со. (Велакъежа)

Лисберг. Цхьа архаизм ю-кх хьо Мусост. Инет кегийрчу наха Интернетах ма олу.

Мусост. Хьажахь х1окху къеначу йо1стаге а, жималлех яла ца лаьа-кх кхунна а. Хьо цхьанге маре ца яг1ийтахь, сох къа латарна кхерам бу-кх… Х1ара… Люся, ткъа меймал х1ун ю?

Лисберг. И-мейл, электронни почта-а. (Корта ластош д1айоьду)

Дошсолт. (Не1 йоьллуш чувог1у) Де дика хуьйла, Мусост Мусостович. Ахьа кхойкхурий соьга?

Мусост. Дукха вехийла. Х1ара, Дошсолт, хьо оьрсийн маттахь дийцарш яздеш варий?

Дошсолт. Яздеш-м вара со, Мусост Мусостович. Яздар х1ун пайда бу, сан уьш вайн журналан т1е шарахь цкъа бен тухуш-м дац.

Мусост. «Вайдаха» журналан хьалхара дешдакъа «Вай-» хиларх цуьна куьйгалхо-м со цхьаъ вай! Ахьа ас санна дика язъел ахьа хьайн кехатан цуьргаш, т1аккха вай шарахь шозза а журнале йохура ю уьш. Кхин цхьаъ ду! Аса-м хьо цхьана г1улкхана кхайкхина. Сан нохчийн доцца дийцарш шайна тайна боху Москохара уггаре коьртачу журналера накъосташа. Шайна иттех дийцар д1атаса аьлла телпо з1е тоьхна цара соьга амма цхьа-ши дийцар д1атесича а тоьур дара царнна-м.

Дошсолт. Мусост Мусостович, сан кийчча дийцарш ма ду… оьрсийн маттахь яздина а ду уьш.

Мусост. Ахьа х1ун дуьйцу жима стаг! Хьайн берийн дийцарш сайнчаьрца дуста г1ерта хьо? Соьга леррина телпо з1е а тоьхна, иттех дийцар шайна д1атасахьара бохуш дехарш дина цара х1инцца, итт минот хьалха!

Дошсолт. Мусост Мусостович, Москварчу оьрсашна нохчийн маттахь дешан 1емина? Ахьа нохчийн маттахь бен ма ца язйо и хьайн «шедевраш».

Мусост. К1ант-т, хьуна сан журналехь болх бан к1ордийна моьтту суна! (Реза воцуш) Сан ши-кхоъ дийцар сихха оьрсийн матта гочдан деза ахьа!

Дошсолт. Мусост Мусостович, хьан муьлха дийцарш гочде аса оьрсийн матта?

Мусост. Бен а дац хьуна. Шадерш а цхьатерра дара уьш-м. (Ша аьллачух кхеташ нисло). Шадерш а цхьатерра дика! Кхана Москоха д1атасан шиъ дийцар кийча хилийта! Таханенна аса хьайн бан безачу балхах мукъавокуху хьо. (Аравалан д1аволавелла Дошсолт сацош). Т1ебог1учу баттахь хьан цхьаъ дийцар «Вайдаха» журнале доккхур вай. Ледаро-м ду хьан уьш, делахь а…

Дошсолт. (Догдоьхна корта а ластош араволу. Ша-шега) Харц дуьне… харцо!

Мусост. (Дошсолтана т1аьхьа олу) Хьажахьа х1окху лойсакхе а! «Сан дийцарш… сан дийцарш!» — бохуш чуьраваьлла. Ас бийр бу хьан болх-м! Х1окху шарахь сан журналана т1е хьан, дийцарш аьлча а и берийн ловзарш, т1етохарна-м ца кхоьру хьуна со! (Шен кресло чу охьахуу, оцу хенахь телпона горгали бека. Схьаоьцу телпо) Алле! Мусост ладуг1уш ву-кх! (Велакъежа) А-а-а! Хьо яц и сан къоламан йиша? Х1окху баттахь сан дийцарех масса дийцар тоьхна ахьа хьайн «Т1урнене» журналана т1е?

Думалоева. (Телпонан аз ду хезаш. Ша Думалоева гуш яц) Сан журнал хьан дийцаршна диллина ду ламарочуьна хьешан ц1а санна. Ткъа и сан байташ-шедевраш хьан журналана а товра ю моьтту суна.

Мусост. (Телпо т1е куьйг дуьллуш) Хьажахь х1окху маймале а! «Сан шедевраш!» Х1окхуьна байташ-х жана хьалха яьллачу газана саготтала еша а пайдена яц. (Телпо чу) Дера, сан йиша и хьан мах хадон йиш йоцу байташ сан «Вайдаха» журналана ч1ог1а тайна моьттуш ма ву со. Сан белхалой и хьан байташ дагахь 1амош бу-кх кхин дан х1ума а ца карош. Х1ара, сан кхолламан йиша, хьуна хезаний керланаш?

Думалоева. Керланаш-м дукха дара х1окху дуьненчохь, ткъа муьлханарш ду хьуна хезинарш?

Мусост. Суна хезинарг-м кхин даккхийчех а дац. Эцца Москох-г1алара хабар кхаьчнера соьга.

Думалоева. Х1ун хабар ду и? Алий валахь, сан нахана г1арваьлла ваша. Сан байташ истолични литжурналашна т1ехь седарчий санна лепаш ю бохуш-м ца хезна хьуна?

Мусост. (Телпо т1е куьйг а лоцуш) Э-э-э, хьо ялла уьшална чохь, хьан байташ пхьидарчий санна 1аьмнашна чохь екаш товш хир яра. (Телпо т1ера куьйг д1адоккхуш) Нагахь санна Дала мукъалахь, хьан байташ а хир ю 1оьхуш, аьлча а лепаш. Амма суна хезинарг сайн иттех дийцар истолични уггаре а коьртачу литжурнало шен аг1онашна т1ехь нахала даьккхина бохуш ду.

Думалоева. Дера и ах а бакъделахь тамаша бу.

Мусост. Х1унда боху ахьа иштта? Хала-м ца хета хьуна сан дийцарша хьайн байташна ц1ога гайтича?

Думалоева. Ц1ога гайта-м и ц1ога а долуш хилан еза пор-изведенеш.

Мусост. Ц1ога дера дац хьан оцу пхьидийн байтийн, ва ешап!

Думалоева. Хьан дийцарийн ду бохург-м дац хьан и?

Мусост. Ду дера цера-м ц1огарчий лаьттахула текха а текхаш!

Думалоева. Ц1ога вирийн бен ца хуьлу хьуна, сан нахана балеваьлла ваша. Сан байташ дашо санна ц1ена, малх санна къегина, зезаг санна хаза ю. Церан муха хир ду ц1ога! (Йоьлуш хеза) Соьга тахана телпо-з1е а тоьхна Москох-г1алара уггаре а коьртачу литжурналера господаш сайн байташ яийта аьлла шайна. Уьш ч1ог1а хазахетта шайна боху цара. Х1ора баттахь арадолучу журналан лоьмарна т1е а тухур ю шаьш боху уьш.

Мусост. Бакъдериг эра дарий ахьа, сан еза йиша.

Думалоева. Хьоме ю ала а вулий, еза олу-кх ахьа даима, мел еза хета хьуна со?

Мусост. Цхьа центнер ах центнер, мел к1езига лерича а?

Думалоева. Бакъдерг-м ала со Китай а г1ур йолуш яра, сан жима пила.

Мусост. Нохчийн байтахошна юккъера диканарш харжа а харжий, уьш яийта шайна-м ца аьллера хьоьга оцу Москох-г1алара господаша?

Думалоева. (Цецйолуш) Ой, хьуна муха хиира и?

Мусост. Дера ву со, вайшиъ цхьана вирворданахь лам баккха хьалаг1ерташ ду моьттуш.

Думалоева. Хьоьга а-м ца тоьхна оцу Москох-г1алара господаш телпо-з1е?

Мусост. Муха хиира хьуна?

Думалоева. Х1инца а ца хиина суна-м. И-м и дара, ас хьоьга телпо стенна етта хаьий хьуна?

Мусост. Ахьа къухаш а ца кегош схьаалахь хуур ду-кх.

Думалоева. Х1ара хьан т1оьска вар-кх хьоьга хаийта бохуш.

Мусост. Муьстаниг вуьйций ахьа?

Думалоева. Муьстаниг х1унда ву и, Мусит вац и?

Мусост. Муьста а, къаьхьа а шен дийцарш цо яздеш хилча, кхин х1ун эра ду цунах.

Думалоева. Цо иштта муьста язъеш хилча, хьан «Вайдахана» аг1онашна т1ера д1айовлуш а ма яц цуьна и «муьста произведенеш»!

Мусост. Цундела сан шедевраш цуьнан «Т1орказ» журналана т1ера а ма яц д1айовлуш.

Думалоева. Ой, цуьнан журнал пенсионерашна арадовлуш ма ду.

Мусост. Пенсионерашна арадолуш-м дацара и, царнна кхочу-кх.

Думалоева. Царнна муха кхочу и?

Мусост. Дера, Думалоева, пенсионерашна пенси д1алуш а ма дац Муситан «Т1орказ» журнал мел к1езига а цхьана шарана цара шайна яздеш дацахь!

Думалоева. Эх1, и ма дика деъна дага ду! Дера деза аса сайн думалелорхошна а изза дезар дан!

Мусост. Госдумалелорхой-м бац ахьа буьйцурш?

Думалоева. Шайн думалелорхой бара уьш-м, сан «Т1урнене» журналан дешархой.

Мусост. Ткъа сан т1ёскас х1ун ала аьллера хьоьга?

Думалоева. Вайга кхаанге а вовшахкхетийта бохуш вара и.

Мусост. Стенна?

Думалоева. Вайн къам дуьненчуьра дайна д1адолуш лаьтта боху цо. И оцу кхерамах к1елхьара даккха некъ хаа шена боху.

Мусост. Вайн къам вай ду-кх. Къоман юьхь а, сий а, лийрдоцурш а!

Думалоева. Ой, и х1ун ду ахьа вайна дуьйцург. Бюрократаш ду вай?

Мусост. Вай х1унда ду бюрократаш?

Думалоева. Лийрбоцурш бюрократех, взяточникех, чиновникех олу-кх наха!

Мусост. Ванах, оцу Муьстачун х1инца дагадеънарг х1ун ду техьа?

Думалоева. Ца хаьа суна-м. Маца вовшахкхета вай?

Мусост. Со цкъачунна ч1ог1а сиха воллуш ву. Сайн керла йолийна шедевр а ю сан чекхяккха езаш. Москох-г1ала д1аяхьийта материал а ю кечъян езаш… и г1уллакхаш чекхдаьлча эр ду аса.

Думалоева. Къоман дуьхьа х1уъу а дина а цхьаъ дан декхарийлахь дац вай? Билггал маца чекхдер долуш ду хьан и г1уллакхаш?

Мусост. Мегар ду. Цхьа ах сахьт даьлча кийча хир ву со.

Думалоева. Ткъа мичхьа вовшахкхета вай?

Мусост. Со волучохь!

Думалоева. Хьо волучохь х1унда гулло вай? Хьо кхин паччахьан лерг даьккхинарг-м вац?

Мусост. Лерг-м ца даьккхина аса, амма вайна юккъехь сайн кхолларалла ондуо хеташ ву-кх со.

Думалоева. Ву хьан да хьакха юуш воллийла! Сан кхоллараллийга хьаьжича хьо ванне а вац-кх!

Мусост. Мегар ду делахь. Хьо йолучохь вовшахкхетар ду вай. Суна муьлха кофе хила еза а хаьа хьуна, муха даарш хила деза а хаьа…

Думалоева. Хьо волучохь!

Мусост. Х1ун, «хьо волучохь»?

Думалоева. Хьо волучохь вовшахкхетар ду вай.

2-г1а сурт

(Мусост ву шен кабинетана чохь цхьаъ язъеш 1аш. Чухьожу Лисберг.)


Лисберг. Шеф… (корта не1арах ара а хьажабой) аьлча а, Мусост Мусостович, вайга бог1уш хьеший бу-кх.

Мусост. (Корта ца ойбуш) Со мукъа вац!

Лисберг. Уьш беза хьеший бу!

Мусост. Муьлш? Министерствора-м бац уьш?

Лисберг. Бац. Хьан яздархойн вежарий-йижарий бу-кх.

Мусост. Со мукъа… (Оцу хенахь не1йоьллуш гучубовлу Муситий, Думалоевий)

Со мукъа вац… мукъа ву-кх сан дукхабезаш болу хьеший т1еэца. Маьрша дог1ийла шу! Т1аккха, могуш-маьрша 1аш дуй шу?

Мусит. Салам 1алайкум, коллега!

Мусост. Ва1алайкум… салам… охьаховшал, сехьадовлал.

Думалоева. Мусост, суна муьлха кофе еза, муьлха даарш деза хуу хир ду-кх хьуна!

Мусост. Х1а? Х1у? А-а, хаьа дера.

Думалоева. Хьошала дер-кх ахьа т1аккха!

Мусост. Лисберг, хьажал цига чай вовшахтохал вайн хьешашна.

Лисберг. (Резайоцуш хичаш а йой арайолу)

Мусост. Т1аккха, коллегаш, х1ун ду вайн нохчийн прозан, поэзин аренашкахь.

Думалоева. Вайшимма телпо чухула дийцанчул т1екхетта х1ума дац.

Мусит. Лерамен коллега Мусост, сийсара наб йина яц аса-м.

Мусост. Ой, и х1ун ду? Хьан декхар ма ду буьйсана сахиллалц байташ, дийцараш, романаш язъяр! Сийсара билггал цхьа шедевр язъйина-кх хьуна ахьа! Дийцал!

Мусит. Хьан-х1а, сийсара со охьа ма вижжинехь, цхьа тамашена г1ан гина самаиккхира со. Цул т1аьхьа кхин, со валарх, наб а ца кхийти суна!

Думалоева. (Цецйолуш) Ой, Мусит, соьга ма ца дийцира ахьа и…

Мусост. Собардехьа Думалоева, уггар интересный меттехь юкъах а ца вохуш. Т1аккха, х1ун г1ан гира хьуна?

Мусит. Дера гира… (д1аса а хьожий, п1елг ирх а бохийтуш) дера гира вещий г1ан!

Мусост. Муьстнаг, ма ийзадехьа суна чуьра са хьала. Валахь дийций!

Думалоева. (Бага а г1аьттина ладуг1у. Мусостана т1ечевха) Мусост, ма лелхахь юкъа!

Мусит. Со вара, даима а санна, сийначу байт1ехь, тхайн бешахь, зазаша охкийначу гаьннашна юккъехь.

Мусост. Т1аккха…

Мусит. Со цхьа хаза декачу зарзар-хьозанан эшарца сайн байт д1анисъян г1ерташ воллура.

Мусост. Т1аккха…

Мусит. Оцу хенахь стиглара воьссина я лаьтта бухара вели ца хууш цхьа воккха стаг т1ех1оьттира суна. Цуьнан шурула к1айн маж доьхкана т1ехь кхозучу детин варкъ даьккхинчу шаьлтана мукъ къевлабоккхуш яра.

Мусост. Т1аккха…

Мусит. Наьрт-Эрстхо санна онда дег1 долуш вара и. Нохчийн халкъан синг1арол ву ша элира цо соьга. Вайнах шайн ницкъа кхачийна к1елабуьсур бу, нагахь санна церан уггар а тоьллачех болчу оьздачу къонахаша Литартор олуш еза ц1е йолу турпала дин лаьмнашна буьххье а баьккхина, цунна шарахь яъъал ломан буьххьера буц ца хьакхахь, мангалшца, шайн куьйга.

Мусост. Вайна стенгара бер бу Литертор олуш болу турпала дин?

Мусит. И турпала дин вайн г1алахь урамашкахула болабелла лелаш хуьлу элира цо. И лаха беза цкъа хьалха. Уггар халаниг: и турпала дин адаман б1аьргана ган йиш йолуш бац!

Думалоева. Ткъа ас х1ун леладо кхузахь, шуна юккъехь? Цигахь оьшуш берш оьзда къонахой ма бу, ткъа со, шуна ма хаъара, зуда ю!

Мусост. Цундела хира бу-кх шаболу къонахий хьох озалуш.

Думалоева. Уьш муха бу сох озалуш?

Мусост. Хьан «Т1урнене» журналехь цхьа а къонахчуьна произведени ма яц арайолуш!

Думалоева. Къонахийнарш арайолу, ткъа мичхьа бу уьш?

Мусост. Со ву-кх кхуззахь…

Думалоева. Муха хиира хьуна и?

Мусост. Сайнарш бен произведенеш хьан журналана т1ехь арайолуш ца хиларна хиира-кх.

Думалоева. Сайнарш хьан журналана т1ехь а йовлу наг-наггахь гучу.

Мусит. Оцу дезчу хьайн пох1малло (ерстинчу зудчуьнга леррина хьожуш) язъйина йолу лерамен, сан йиша, хьо тхоьца ца хилахь, тхуна и туьйранахь бийцина дин карор бац.

Думалоева. Х1унда, сан чамхалг-ваша?

Мусит. (Ца вешаш Мусосте а хьожуш) Хьуна бен вайн яздархошна юккъехь къонах карийна ца хилча, и турпала дин а хьуна бен карор бац.

Думалоева. Ванах, и вайн «Зорбанан ц1енна» уьйченашкахула лелаш хааелла бохуш йолу б1арлаг1а и турпала Литертор олуш болу динна-м бац техьа?

(Массо а не1арехьа, уьйчен аг1ора д1ахьовсу. Оцу хенахь не1 ша-шаха схьаеллало. Говран тарсар хеза)

Мусост. Турпала дин!

Думалаева. Литертор!

Мусит. И дин лифтана чубала кхиале схьалаца беза вай!

(Вовшен д1аса а туьттуш аралелха. Йиллина йолчу не1арехьара аьзнаш ду схьахезаш)

Мусост. Х1оккхуза сонехь бу шуна!

Думалоева. Гуобелаш цунна, к1ентий! Т1екхета, д1а ма бахийта!

Мусит. Суна-м ца го х1умма а!

Думалоева. Гуо бе! Х1ун деш лаьтта хьо, кисина ши куьйг а доьллина!

Мусит. Соьга х1ун де боху техьа ахьа, фельдмаршал Къудузов!

Мусост. Ахьа х1ун Къудузов вуьйцу?

Мусит. Наполеоне дог дог1уш хилларг вац!

Думалоева. Э-э, хьо валла миччхьа а! Дог дог1уш ца хилла и цуьнга, цхьа б1аьрг ца хилла! Наполеон шен эскар кхоьссина а дитина х1унда ведда хилла моьтту хьуна? Фельдмаршал пират ву моьттуш!

Мусост. И шун аьшпаш д1ахазахь, Литертор-дин-м д1аг1ур бу цец а баьлла.

Думалоева. Мичхьа бу и?

Мусост. Оцу сонехь тебина бу моьтту суна и.

Думалоева. Делахь гуо бел. Хьо аьтто аг1ора вала, ткъа хьо аьрро аг1ора, со юккъехь хир ю! Т1екхета! Схьалаца!

Мусост. Леци! Ас леци! Г1о де суна! Г1о-о!

Думалоева. Аса а лаьцна! Муьстнаг, хьуна х1умма а кера еъний?

Мусит. Суна-м ца хаьа, сайна х1умма а кера еъна я ца еъна.

Мусост. Муьстнаг! Схьалаца х1ара цхьа ког! Х1окхо ц1ингаш кхуьйсуш ницкъа бо суна! Лаьцний ахьа?

Мусит. Лаьцна. Ма стомма ког а бу оцу динан!

Думалоева. Д1ахеца сан куь-уь-йг!

Мусит. Ва устаз, орцаха!..

Мусост. И суна мийра тоьхнарг мила вара!

Мусит. Ца хаьа суна-м, амма ласта-м суна бина бара моьттуш ву со и.

Мусост. Думалоева, т1аккхахула и мийра айхьа хьажийначунна тоха хьажалахь, пожаласта! Х1ан, ладог1ал соьга, аса хьалхара озабо шуна, аша т1аьхьара татта!

(Кхоь а гучудолу. Хьалха ваьлла вог1уш Мусост ву, динан юьхь лаьцна кеп х1оттош, т1аьхьадог1уш Думалоевий, Муситий ду, дин туьтту кеп х1иттош)

Мусост. Тпр-р-р! Сацае вайн бекъа!

(Муситас, Думалоевас шаьш к1адделла кеп х1иттайо)

Мусит. (Хьацар д1ахьокху кеп а йой, т1аккха леррина Мусостига хьожу)

Мусост. (Архаш лаьцна лаьтташ санна куьйгаш а лаьцна лаьтта)

Мусит. Сан доттаг1, и ахьа лаьцнарш х1ун ю?

Мусост. (Ца вешаш) И бохург х1ун ду? Архаш ю-кх… (Д1аса а хьожий) аьлча а лергаш!

Думалоева. (Цхьана х1уманах шекъяьлла Мусостан куьйгашка хьожуш ю)

Мусит. Сан нахана г1арваьлла ваша, и лергаш деха-м ца хета хьуна оцу говрана?

Мусост. Хилча х1ун ду? Х1ара-м Турпал дин бай!

Думалоева. Ванах, коллега, и Турпал дин говрал а мелла а лоха болуш санна-м ца хета хьуна?

Мусост. Аша х1ун дуьйцу? (Ша а шекволу) Х1а-х1? Турп-п-пал в-в-вир?

Мусит. Деллахь нохчашна ца кхаьчна хьанна кхочур бара ишттанехьа х1ара санна болу Литертор-дин?

Мусост. Х1ара болх нахана тусабалале, новкъара д1абаккха беза вай х1ара дин-вира.

Мусит. Вай массалг1ачу г1атана т1ехь ду?

Думалоева. Дала доьг1начунах к1елхьара валалур вац! Вайна т1аьхь ду х1ара дукъ! Вай дац къомана уггар тоьллачех долу яздархой! «Нохчийн халкъан яздархой»!

Мусит. Суна хаьаара х1ара иштта чекхдер дуй.

Мусост. Ма воха, сан ваша, хьан ворхх1е да а ца лелла х1ара санна долу вир а кхочуш!

Думалоева. Вайх терра бу-кх вайн дин а!

Мусит. Бан а бу хьуна ша ма-барра Литертор-дин.

Мусост. И-м и дара, вай лома даха кечдалан деза.

Мусит. Мусост, и ши лерг д1ахеца-м ца лаьа хьуна?

Мусост. Ас х1орш д1ахецахь х1ара бодура бу, аьлча а додур ду, т1аккха вай нахала девра ду.

Мусит. И Литертор-дин цхьанхьа д1абихкича х1ун хир дара техьа?

Бесплатный фрагмент закончился.

Купите книгу, чтобы продолжить чтение.